***
Ас иллин схьадалар теллира,
И илли хьох доьзна хетта.
Цхьаццанга хаттаре диллира,
ТIекхиа сайна ма-хетта.
…Йаздинарг мила ву, хьенан?
…Муьлха ду, йаздина шо?
Итт шо ду йа кхин а къена?
Муьлха хан чулаьцна цо?
Хьо йуьйцуш санна ма хета
Цу иллин могIанаша…
Ойланехь эмгаралла лета
Карзахе хьийзачу сан.
……………………………………….
***
Iилма Iамор дезаш волчу суна
хьан амалийн Iилма довза лаьа,
лаьа хаа: йуург муьлха йеза,
муха молу чай – теза йа мерза?
………………………………………………
***
Тахана цхьаьннан хIусам къагош,
Той ду, шуна, доьдуш дIа,
Кхечу кертахь, дегнаш дагош,
Доьзалхочун дели са.
……………………………………………….
ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№2.2025)





