Терк
Лекхчу лаьмнийн баххьашкара
Хьаьдда догIу сийлахь Терк.
УгIуш, кхехкаш, карзахдолий,
Даьржа аьрха амалйерг.
Дуккха, дуккха шераш девлла,
Карзахдуьйлуш къена Терк,
Йиш йу цуьнан дийца хийла
Хенан кIоргехь хилла дерг.
Хьалха дайша ардаш лелош,
Дихкина хьан шийла хиш,
Дика деъча хIоттий той,–
Хьан тогIи чохь хохкуш дой.
Веъча луьра мостагI, вохош,
Бердашца хьан чIагIо йеш,
Тарраш диттий боруш эгош,
Ди хьох царна догIу каш.
МостагIаша бохам бича,
Царна боггIу бекхам беш,
Дуккха тийси вайн нохчаша
Хьан бердах чу маса дой.
Массо бац уьш цIа бирзина,
Цхьаберш эгий Iожалло,
Тоьпан хIоо къиза лаьцнарг
Хийла ву ахь хьулвина.
Зама йоьдуш генайаьлла,
Ахь мел тулгIеш идийна,
КIентийн цIераш йицйина,
Дай-наной бу бицбина.
Хир ву царех, шеко йоцуш,
Къонах хилла дIавахнарг,
Бух хьан толлуш, карор йара
Нохчийн шаьлта, динан лан.
Къоман толам, кхиам хилча,
Лунан болар ахьа до,
Бердех чIогIа тулгIеш йетташ,
Хьан хин суйнаш генахь го,
Кхойтта шарахь бода лаьтташ,
БIаьрзе хьийзаш, къам долуш.
УьгIи хьо цу цIоькъалоьмах,
Дера ча а хилла хьайх.
Мархаш йевдда, малх схьакхетта,
Вайгахь хIинца серло йу,
Къомо хастам беш бу Далла,
Вайн беркате паччахь ву.
Бердаш дуззий, кхин ца лахлуш,
Лела къонлуш къена Терк,
Хьан сий лардеш хилла, хир ву
Жима-воккха, нохчо верг.
ЧIегIардиг
ЧIегIардиг, сан жима,
сан воккха хьаша,
Сени чохь бенаш ду
бай хилла даьсса,
БIаьстенан кор деллий,
бIаьстенан лорах,
Дуьйлийша Нохчийчу,
зIок тоха корах.
Шу доцуш бIаьсте йу
кхоьлина кхузахь,
Кузаш ду даржийна
бIаьстено ломахь,
Кузанийн куьцашна
ТIеоьшу басарш,
ТIеоьшу шун зевне,
шун хаза эшарш.
Мел хала довлу шу
сийначу хIордах,
Цхьа а вац Дела бен
кхин вала орцах.
Гина шу, са хедий хIорда чу эгаш,
Дисинарш схьакхочу –
тхан жима пекъарш.
Жимачу коьрта чохь
ду доккха хьекъал.
ХIусам йан сел хаза,
исбаьхьа оццул.
Хье ца луш, шун доьзал бенаш чохь бека,
Шун ирсан аматаш гуш санна хета.
Кхерам бац Нохчийчохь, маршо йу шуна.
Даа ду, мала ду, кхачо йу шуьнан.
Сих-сиха чудуьйла, шу тхох ма къехка,
Дахалаш, дебалаш тхан хьеший мехкан!
ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№2.2024)















