ГАУ «Издательский дом»
image description

МАЛИЕВ Васо. Стихи

Малиев Васо (1938-2017)
Поэт, прозаик, драматург. Вина Къилбаседа ХIирийчоьнан Мостиздах цIе йолчу йуьртахь. Чекхйаьккхина Къилбаседа-ХIирийн пачхьалкхан хьехархойн институт. Газеташкахь а, телевиденехь а, издательствехь а болх бина. 1987 шарахь Къилбаседа-ХIирийн йаздархойн Союзан председатель хаьржина. 2001 шарахь дуьйнна «Иреф» журналан коьрта редактор ву. Байташ а, дийцарш а, повесташ а арайийлина Буру-ГIалахь а, Москвахь а.

Доккха дитт

Буьйсанан йохалла
Сирла сахиллалц
Къийсира,
Къийсира буьрсачу дарцаца
варшарчу Доккхачу Дитто.
ОьгIазе шакарца
Дарц гIодах хьерчаш,
Сеттира,
ЦIийзара
Доккха Дитт, орца а дохуш.
Ткъа цунна гонаха лаьтта
Кегийра,
ЭгIаза дитташ,
Ваьшта а таьIна,
муьста пен шайх хилла,
майрра дIахIиттира
Доккха Дитт цу дорцах
лардан.
Эххар а, сатоссуш,
Дарц, гӀора кхачийна,
Йухадели хьуьн чуьра,
Лаьхьа санна, меллаша
текхна…
Ӏуьйранна малх гӀоттуш,
вовшашка хьаьвсина,
Кегийчу дитташа аьлла:
«Доккха Дитт лорура
вай вешан чӀагӀо.
Кхерам тӀехӀоьттича-м
Кхин гучудели:
Цуьнгахьчул алсам ницкъ
вайгахь а хилла!».


Гочйинарг – Арсанукаев Шайхи

Орга 2.2022

407 комментариев

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Last one
  • Au bois #
  • Au bois
  • Échaffaud
  • Nina
  • Mood
  • Auto-stop
  • Compo
  • Jeannelune

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.