ГАУ «Издательский дом»

МАХМУДОВ Iийса. ГIант

Керт-ков а, хIусам а йугIуш ша цаьрца хила дезаш санна дара тхан кетIара гIант. Аьчкан когаш лаьттах а тоьхна, царна тIе доккха шуьйра, шурупашца хьовзош у а тоьхна, дуккха а латтийта дина дара гIант. Ша мел чIогIа а, дика а дина делахь а, гIентан дахар ша кетIахь хиларе терра дара. Амма башха тидаме лоцуш ца хиллехь а, цхьа доккха дакъа лоцура цо адамийн дахарехь.
Цуьнан шен дахар а дара цхьабашха.


Буьйсано шелдина латта, Iуьйренан малхо дохдале йуткъа йиллина йис, цу тIехь Iуьйранна школе доьдуш, тIехдолучу беро пIелгаца диллина сурт бахьана а. Дуккха а хуьлура гIентан хьеший. Баккхий а, кегий а. Наггахь цициг а Iара цунна тIехь, гIант ша ца дита хиъча санна.

Сарахь кех ваьлла, охьалахвелла Дада а Iара хIетахь. «Хьенех, хьо могуш вац олуш хезнера суна, Дала маршалла дойла хьуна!» – аьлла, тIехволург, сецна, шега вистхилча, Дадина чIогIа хазахетара. ТIаккха, иза кетIахь хаавелча, меллаша ког а боккхуш, лулара воккха стаг а вогIура Дадица Iен. Чубузучу малхаца йустура цара ламазан хан. ТIаккха, уьш дIасабоьлхий, цхьана йоццучу ханна ша лаьттара гIант.

Йуха, буьйса къовлалуш, цхьацца кегийнаш Iара арахь луьйш-олуш. Цара наггахь хIуш диинчу чIуьйригашца гуо буьллура гIантана. Уьш Iуьйранна дIайохуш, чан ца гIаттийта, хи а тухий, нуй хьокхура кетIа. И нехаш йаржийначарна наггахь лер а нислора, уьш хезаш бацахь а. ХIинцца деанчу догIано гIаттийначу ченан санна, хаза хьожа хуьлура, хи тоьхна, девзиг, нуй хьаькхначу кетIахь. И кетIе гIентан «хIусам» йара. И, хIора Iуьйранна аьлча санна, цIанйой дIахIоттайора.
ХIор а заманан хенан хIоттамо шатайпа лар йуьтура тидаме доцчу гIентан дахарехь.

Ши метр ца кхоччуш лекхачу кертанна чоьхьа доьг1начу заза-кондаран1 генаш, гIантана IиндагI даллал гена аракховдура аьхка. КIайн, шекъанан а басахь хуьлура церан заза. Кондар-зазано шена IиндагI а деш ша хьастарна доккхадойла дацара гIентан. Зезагаш даха гIерташ, гIанта тIе кога буьхьар а хIуьттуш, ченан а, наггахь хоттан а лараш йуьтура бераша. Мачийн айрийн лар керла хIума дацара гIантана. Хан йаьллачу хенахь, ков къевлина карийча, гIанта тIе хIуттий, «Хьенех!» – олий, мохь тухура, цхьа гIуллакх хилла веанчо. «Со чуваийта!» – олий, кхойкхурш а нислора, нагахь санна шел хьалха чувеаначо, ша тIаьххьара ву моьттуш, кевнна гIуй боьллинехь.


Наггахь тхоьга гIалара йеанчу хьешан самукъадаккха баьхкина кегийнах гуллора. Цара шайца лакха гитара бохьура… ТIаккха и лакха хууш верг вало боьлхура. КетIарчу гIанта тIе массо а ца тарлора. Илланчина олий, чуьра гIант дохьура. Цаьрга дош а ца олуш, жимма ков хердой, ара а къедий, ладоьгIуш лаьттара тхан кура хьаша.


Наггахь тIехйолучу «семеркина» а, «жигулина» а, иштта кхечу машен чуьра а ч1оггIа т1ейелла локхуьйтуш, хIетахь гIарайаьлла хиллачу «Ранни» цIе йолчу тобанан эшар а хуьлура. Дукха хьолахь «бIе эзар, бIе эзар зезагаш». Наггахь «Ваа Турко» а хезара. Иштта дуккха а аьхкенан суьйренаш йоьлхура д1а. Къаьсттина аьхка денлора гIентан дахар. Сарахь, де шелделча, арабовлура нах. КетIа а ваьлла Iаш стаг хилча, цуьнга вистхуьлуш, соцура тIехволург, тIевогIура араваьлла лулахо а.


Аьхка кевнна хьокхуш шена хьаькхна сийна басар дакъаделла далале, и хьаькхний а ца хууш, цу тIе хиъинчо йитина кисийн лар а йара гIанта тIехь. И кьаьсттина берашна хазлора. Вовше «ахь йитний, цо йитний» – бохуш, доьлура уьш.


Заманан йохаллехь гIентан хьал а хийцаделира. Кхунна IиндагI а луш лаьттинчу заза-кондаран, кех къеда, генаш дIа а даьхна, леккха керла керт хIоттийра. Ша лаьттачара хьедина дацахь а, хIинца гуттар а арахь дара гIант. ХIинца, хьалха санна, кегийнаш а ца Iара гуо а бой, кетIахь. Дада воцу а дикка хан йара. Наггахь, суьйренца, балхара цхьаъ чуван хьевелча, Баба Iара, суьлхьанаш а хьийзош, кетIа йолий. Иза арайала хаайелча, тIейогIура лулахо а. Ишиъ цхьаьна Iаш хазахетта луларчу кIанта даьккхина сурт тIаьххьара дара цаьршиннан.


ХIинца гIант лаьттара, шен кхолламан теш хила санна, шена тIетоьхна у йохаллехь ах а даьлла, гуьйренан махо, дIо кертан маьI1ехь даьллачу толан гIаш наггахь шен когех а хьерчош.
Ткъа гIентан тишделлачу хьолан йолайан ваьллачу суна дагатесира цуьнца йоьзна хилла сан дахаран цхьа кийсак. Диллича санна, беттан сино IиндагI лоцуш сирла буьйса йара. Цу батто шаьш самайаьхча санна, йекара ураман бохаллехь керташна йуххехула йаьллачу бацалахь цаьпцалгийн цIар-цIар. Кхо цIа дитча, дехьарчу урамехь догIучу татолан йистехь йека пхьидарчий, хеталора цаьлцалгашца къийсалуш санна. Цара гIаттийна и гIовгIа хадо санна, чIогIа, сахьтаца хан йуьстича санна, цхьана барамехь нисйеш шок йетташ цхьанаэшшарехь цхьанхьа чIоб2 а декара.


Адамаш чудирзина хьалхарчу цу суьйранна, со кетIарчу гIанта тIехь Iара. Ас цхьа къаьсттина тидам бира, наггахь беттан са а хадош, цаьпцалгийн эшаран мукъамо шаьш йахйича санна, лаьттана дикка герга а йаьхкина, нека деш йоьлхучу мархийн. Сан кхиънайалазчу беран ойланехь хаттар хIуттура: «Хьаьдда йоьлхурш и мархаш шаьш йу-те, йа цаьрца цхьаьна бертахь и бутт а бу-те?!». Цара со кхойкхура шайца цхьаьна гушдоцчу, цхьа дайчу, сирлачу, суна девзашдоцчу дахаре, суна хIетахь генарчу дахаре. Цара хIетахь сан ойланехь цхьа зил а ца тесира, шаьш зама эцна йоьлхуш йу аьлла. Ша деанарг бен ца хьочу заманера бехк баккха йиш йац. «Дика а, вон а даима а лаьтташ дац» – олу. Иштта дахар а дац, и гIентан бен дацахь а, гуттар а лаьтташ.

1 Заза-кондар – обыкновенная сирень.
2 ЧIоб – выпь.

Орга №1. 2022

361 комментарий

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Last one
  • Au bois #
  • Au bois
  • Échaffaud
  • Nina
  • Mood
  • Auto-stop
  • Compo
  • Jeannelune

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.