ГАУ «Издательский дом»

Леча АБДУЛАЕВ. Гатлуш ма гат а ло-кх хьо, мерза са…

***

Нана, нана, нана,
Хьан во1 къанлуш ву.
Сина парг1атъяла,
Кхид1а къеж ма ло.

Гарехь, дахар даьлла
Хьан саийдина, –
«Аьрха», «харцахь» аьлла,
Хьан во1 вийцина.

Дагна чемаш хоьржуш,
«Вуьйлуш нахала»,
Ас кхин дан ца доьг1на
Мерза г1алаташ.

Зама аьлла яьлла
Эриг замано.
Нисйи цо сан амалш,
Шарди аматаш.

Къоначарна аьлла,
Дан сан хьехар ду…
Нана, нана, нана,
Хьан во1 къанлуш ву.

***

Х1ун дер, ткъа? Дерриг ду нийса.
Дерриг ду ша хила деззарг.
Вай гуттар 1ере сатийсарх,
Дика цкъа д1адаха деза.

Цунах а хир вац, цхьа дика,
Гуттар а 1ен веъна хьаша.
Д1адоьдуш ца хилча дика,
Вуо а хир дара 1ен маьрша.

***

Чудирзина чудерза мел дезарг,
Чу ца ерза, яха г1арг1улеш.
Сан а х1ума дац кхин араьийза,
Маьлхан, беттан рожехь г1аролдеш.

Со д1авуьсу х1инца беа пенна,
Тхевнах тешош деган сийна г1аш.
Соьца дуьсу и сан маьлхан г1енаш,
Тхига, баце сан сатийсамаш.

Хаьа, юхайог1ур юйла б1аьсте,
Юхайог1ур юйла г1арг1улеш,
Амма вац сан цкъа а, царах къаьсташ,
Уьш кхин суна гур ю ала, теш.

Деган шо сайн г1арг1улеша долош,
Г1арг1улеша дерзадеш и д1а,
Х1оразза а, ваха юкъахволуш
Санна, доккху ас т1едог1у 1а.

***

Д1авахнарг вуьсучохь виса,
Цкъа со а д1аг1ур ву ваьлла.
Хиндоцче эрна сатийсар
Цу новкъахь сол хьалхадаьлла.

Дезарг, и дезарна, деза,
Дезарна кхин ял ца лоьхуш.
Бацалахь лепа и зезаг,
Зевне йиш, д1о-о геннахь лоькху;

Кора к1ел заздаьтт1а лайлак,
Беттасих бухъюьйлу буьйса –
И дерриг, со диъна, лайна
Валарх а, жоьра ца дуьсу.

Х1етте а, ловш дегаэшам,
Цхьаъ хир ду-кх, вайн даге хаттахь,
Дуьсушдерг вайх дисарх тешар…
Хир ду и – вайна кху лаьттахь,
Ваьш доцуш иза мел лаьтта,
Ваьш дагадог1у дог эшар.

1 comment

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.