Башиева Конакбин Светланина
– Дукха хан йара со лаьмнашка йаха лууш йолу, амма шело ловр йоцуш хета-кх.
– Ткъа церан хазалла ловр йуй ахь?
– ХIоразза а царах бIаьрг мел кхета, суо леш санна, хета-кх…
– ХIун ду цаьрца сел чIогIа?
– ХIордан бухбацаралла, стигланийн сийналла, лайнзезагийн ховхалла, аьрзунийн тIома хелхар, тIамехь тоьллачу ламанхочун кура хьажар, паччахьан таж, толамхочун доьналла, эла-стун эвхье безам, дахаран къайле, дуьнене сатасар, лаьттахь шен некъ бина даьллачу исбаьхьчу дийнан малх чубузар, эмиран тур лоьху некъ …
– Собар, собар…Хетарехь, со кхийти…Хьуна хьоме мел дерг ду-кх цаьрца?
– ХIаъ, царна чохь ткъесналгIачу бIешеран кIоргера схьахьоьжу сан вежарийн бIаьргаш, царна чохь сан луларчу къоман безам а, лазийначу син мохь а, къизачу дажало кахьокхуш дассийначу церан ков-кертийн цхьалла а…
– Ахь хьалха дагар мел дина исбаьхьаниг муха тарло ахь хIинца балхочу лазамца?
– И хаза а, хала а синхаамаш вовшах ца къастало соьга…
– Ахь хIун до? Хебна дIайели-кх хьо!
– Со шелло. Кху хенахь лаьмнашкахь мел шийла хуьлу дицделлера-кх вайна.
– Са ма гатдехьа, ас дохдийр ма ду уьш…
– Лаьмнашший?
– ХIаъ, лаьмнаш…
– Ткъа муха?
– Сайн безамца…
Гочдинарг – Петирова ПетIамат
ТIаьхье йеша » Вайнах » журналехь (№3.2024)