ГАУ «Издательский дом»

КАДИЕВ Руслан. Муоглин эшар

Цхьана хазачу дийнахь, хьуьнхарчу уьшалан бацалахь, ша-шена эшар а лоькхуш, сакъоьруш Іаш цхьа муогли хилла. Эххар а, хьеннан даьккхина а, шен эшарца самукъадаккха деза ша аьлла, дагадеана цунна.
ДІасахьаьжча, гена йоццуш, йакъайеллачу йуьхка тIехь, наггахь кхосса а луш, набаран тар тесна Іаш цхьа Іаьржа къиг гина цунна.
Кхиссалучу боларца тIейаханчу муоглис, къийге хьоьжуш а Іийна, цуьнан дог-ойла айъа дагахь, «вакъ-вакъ» аьлла, шен йиш йолийна.
ХІумма а дагахь а доцуш, бурконехь тевжина Іен къиг, цІаьххьана йиш хезна, чIогIа къаьхкина, вон Іаьхаш, хьалаиккхина. Дукха маса, шена кхерам хир боцчу, йуххерчу баганан дитта тIе хиъна иза………………………………………………………….


ТIаьхье йеша “
Стела1ад” журналехь (№1.2025)

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.