ГАУ «Издательский дом»

ИСМАИЛОВ Iарби. АДАМАШНА ДIАДЕЛЛА ДАХАР

ХIара дийцар дуьххьара зорбане даьлла 1991-чу шарахь. Iаламат дукха хийцамаш хилла цул тIаьхьа дуьнен чохь. Вайн махка боккха бала а беара: ши тIом лан дийзира вайн къоман, дукха зиенаш, зуламаш, туохарш Iовша дийзира. И къаьхьо лайначарех цхьаъ вара хIокху вай хьахийначу дийцаран коьрта турпалхо – Озниев Хьусейн, ХIХ-чу бIешеран чаккхенехь дуьнен чу ваьлла, ша безаш хаьржинчу хьехархочун балхана 60 шо сов дIаделла волу.

Кхин хIумма а ца хилча, Нохчийчохь шолгIа тIом болуш, ша вехаш волу ГIой-Чу йурт тIамо дIашарйеш, цу чохь висина, ши кIира сов даьккхина вара иза. БIе шо сов долчу къаночо и «къиэматде» муха лайна теша, аьлла хета. Амма ша дуьнен чохь йоккхучу йеххачу хенахь дукха вуонаш гина, баланаш лайна, къахьо Iевшина дог дахчийна волу Хьусейн доьналлех ца вуьйхира. Шега мел дехар дарх, ша тIаьххьара 43 шо даьккхинчу кертара ара ца велира иза. Цул тIаьхьа кхиъ диъ шо ах шо даьккхира цо дуьненчохь.


ХIусамнана Рахьимат Хьусейнал диъ шо хьалха эхарта йирзира. Наха тидаме эцна Хьусейн декъал хилла хиларан билгало – 2004-чу шеран безачу Рамзан баттахь пIераскан дийнахь иза Деле верзар. Таханлерчу дийнахь ши кIант воцуш ву цуьнан. Цхьа Iалавди а, Ахьмад висна, амма оцу Ахьмадан кIант, Хьусейнан кIентан кIант Мохьмад дика къонах ву, шегара гIиллакх доккхур доцуш, оьзда жима стаг ву, йуьртахоша дозалла деш, дика мурид ву. Рахьиматан а, Хьусайнан а йоI Зулай, иттаннаш шерашкахь хьехархочун болх бина йолу, могаш цахиларна, хIинца цIахь йолу масех шо ду.


Йийцина ца валлал хазачохь Iуьллуш йу ГуьйтIа. Итон-Кхаьлла хьалакхачале, аьтту агIорхьа хьалабоьдачу новкъа нийсса тIекхочу оцу ширачу нохчийн ламанан йуьрта. ТIулг-ламанан марахь йоллу иза, шовданашца, дежийлашца, колл-хьуьнца Iаламо кхачо йелла йу. Кхузахь вехаш-Iаш волчунна токхе ваха дерриге а ду, мало ца хилчахьана.


Охуна дар, лахенчохь санна, мух-мухха а мегаш дац цигахь. Говрашца, йа стерцашца дукха чIогIа лерина 12–15 сантиметр кIоргий бен бIал ца карчош, оху. Цундела хьийкъина кхуьу хасстоьмаш, хьаьжкIаш, картолаш, кхоьш. Стоьмийн дитташ хала кхуьу кхузахь, Iаламан хьелашца доьзна ду иза, меттиг лакхахь Iуьллу. Йуьртана ворхI-бархI чакхарма тIулг-орцанал дехьа хьун йу. ЦIенойн коьчална а, даго дечиг а цигара дохьу.

………………………………………..

ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№2.2025)

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.