ГАУ «Издательский дом»

Исмаилов Абу. «ПХЬАРМАТАН» ЦIЕ

Цхьана хьекъал долчо аьлла боху: «Суна гена гора, лекхачеран белшаш тIехь суо лаьттадела». XIopa чкъор а, шайл хьалхарчеран зеделлачух пайдаоьцуш, царал а гена хьоьжуш, ницкъ болуш хила деза.


Ткьа къоналла даима а хуьлу ша-шех бIобулуш а, доьналла долуш а. Шеконаш йоцуш, кханенах ца кхоьруш, муьлххачу а керлачу, девзаш доцчу гIуллакхна йукъагIорта кийча хуьлу иза.


Нохчийн культурин дахарехь 1970-гIа шераш башха дара. КIезиг тираж хилар бахьана долуш туьканашкара тIепаза йайра Айдамиров Абузаран «Йеха буьйсанаш», «Ламанан некъашкахула» цIераш йолу книгаш. Кар-кара а луш, йоьшуш йара уьш цу хенахь. Романан шолгIа дакъа зорбанера арайаларе са а туьйсура дуккхахболчара.
Амма дуккха а шераш хан ийшира иза хила…


Ткъа хIетахь… Нохчийн литература йуккъехь керла ницкъаш гучубийла болабелира. Юсупов Султанан, Кибиев Мусбекан, Садулаев Iабдуллин, Хасбулатов Ямлиханан, Сатуев Хьусайнан, Дикаев Мохьмадан, Рашидов ШахIидан, Кусаев Iадизан, Шайхиев Iалвадин, кхечеран цIераш дика йевзара поэзи а, литература а йезачарна. Царах дукхахберш 60-чу шерашкахь «Комсомольское племя» газетехь хиллачу ТОМ (творческое объединение молодых) йукъабогIуш бара.
Ишттачу хьолехь литературина йукъавар нисделира сан.

I975 шеран бIаьста йаздархойн Союзехь шен болх дIабаьхьира республикин къоначу йаздархойн рогIерчу кхеташоно. Ишттачу метте дуьххьара нисвеллера со а, кхиболу цхьамогIа кегий нах а. Iаламат пайдехь гIуллакх а дара хIетахь деш хилларг. Цигахь хиллачу цхьаьнакхетаршкахь, къамелашкахь, къийсадаларшкахь хIоранна а гучуйолура шен кхоллараллин дика а, ледара а агIонаш.


Оцу кхеташонехь бевзира суна xIeтaxь литературехь дуьххьарлера гIулчаш йохуш хилла болу: Яхъяев Леча, Ахмаров Рамзан, Хатуев Iабдул-Хьамид, Ахмадов Муса, кхиберш а. Къаьсттина дика юкъаметтиг тасаелира сан Яхъяев Лечица. Иза цу хенахь университет чекхйоккхуш вара, ткъа со оццу университетехь заочно доьшуш вара, книжни издательствехь корректоран болх а беш. Вовшах масазза кхийти, гар тхан, xIopa дийнахь бохург санна, хуьлура, Лечас а, ас а дийцаре дора кхолладелла хьал а, дан дезарг а.

Ишттачу къамелашкахь, къоначу йаздархойн, художникийн, музыкантийн тоба вовшахтоха йеза боху, ойла чIагIйелира тхан. Цу хьокъехь тхо дагадевлира, хIетахь литконсультант хиллачу Арсанукаев Шайхих а, комсомолан обкомехь хиллачу Дадуев Мамедах а, тхойшиннан цхьамогIа накъостех а. Массара а бохург санна къобалдира и гIуллакх. Тхаьшна бевзаш болчу къоначу йаздархошка хаам а бина, де билгалдаьккхира оха…………………………………………………………………………

ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№3.2025)

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.