ГАУ «Издательский дом»

Ирзаханова Займан. Стихаш

Даймохк

ЦIеран алу йукъара
Баьккхина, хьо денбина
Вайн турпалчу кIенташа,
Хьан паргIато йезарна.

Хийла эгна къонахий,
Ларбеш маршо, лардеш сий.
Уьш хьан кийра бирзина
Уьш хьан дагах дIаийна.

Церан дагахь хилла дерш,
Церан дуьхьа кхочуш деш.
Каде хьийза кIентий хьан,
Даймохк, тахна хьо хазбеш.

Дегнаш огуш, чахчадеш,
Халонаша зийна вай.
Мохк безаро ницкъ а лой,
Йуха кога дулу вай.

Вайн мехкарийн хазалла,
Малхах тарйан билгал йу.
Вайн къонахийн оьздалла
Шайн дайшкара схьа ма йу.

Ас хастам бо Далла вайн,
Кхолларна цо нохчий вай.
ГIиллакх вайчул хаза дац
Цхьаьнне мехкан лаьтта тIехь.

Ненан мотт

Дуьненчу со йаьлчахьана,
Дуьххьара сан лере беъна,
Ма кIеда, ма мерза хьерча,
Ненан мотт – сан дагах, сох а.

Сан нанас бийцарна марзбеш,
Сан цIийца лела хьо аьхна.
Ненан мотт – сан деган хазна,
Хьоьца со ирс долуш хета.

Ненан мотт – сан деган йовхо,
Ненан мотт – сан маьлхан серло,
Тхан дайша дитина совгIат,
Ду тхуна хьо доккха ниIмат.

……………………………………………..

ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№2.2025)

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Ost
  • Ost 1
  • Sun
  • Mega
  • Flash
  • Shorba
  • Automna 2026 +
  • Automne 2026
  • Som 5

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.