ГАУ «Издательский дом»

ИМАЕВ Тапа. Хилларг, ма-дарра…

– Кто душу тебе сломал?
Война? Беда? А может, выселение?
– Не знаю, я был очень мал,
Сейчас винят и Сталина, и Берию.
– Где жил?


– Об этом знает Казахстан,
В Тургенке камни помнят, как я плыл,
И до сих пор души моей там стан,
А на ногах – степей казахских пыль.
– Когда ты выбросишь из жизни
И боль, и прошлые года?
– Когда по мне сыграют тризну,
А вот Отчизну – никогда.
А. Садулаев.

Чиллан беттан 23 де, 1944 шо.
Нохчийн къам махках даьккхича, Семипалатинске диссина хиллера тхо. Iа шийла хуьлуш мохк бара иза, олий, дуьйцура. Ло ши метар сов дуьллура, олура. БIаьрго малоццу эрна, акха аре йоцург, ган хIума доцуш – ур атталла колл а, мацйеллачу барзах тера угIу дарц доцург…
«Мацаллой, шелоной, цамгарой хIаллакдеш дара адамаш. Дийнна доьзалш лара!…» – олий, дуьйцура сан дедас Махьмад-Мирзас а, девашас Сайд-Хьасана а.


ГIорийна латта а охкуш, чохь Iен тоьланаш йаха буьйлабеллера нах. Ло доккха дилларна, неIарш чуйоьллуш хилла, арадовла аьттонна. Валарчу вирзинарг, неI схьа а йоьллий, неIарехьа а текхий, лара, олура сан дедас, ша веллий хаийта, ницкъ кхочучуьнга ша дIаволлийта, амма и ницкъ нахехь бан-м бацара. Ирча хьал дара…


БIаьста ло дешча, неIарехьа текхна, делла хийла адамаш карадора, хIазарш санна хьирчина, хебна Iоьхкуш.
Оцу шарахь (1944) веллера сан воккхахволу деваша СаьIид. И дIаволла ваханера цуьнан жимахволу ши ваша Сайд-Хьасанний, сан да Сайд-Хьамзаттий, церан да Мохьмад-Мирзей. Эрна арахь, хьоькхуш дарц а долуш, лом детташ гIорийна латта а дуохош, халла, даккха ма-деззара каш а даьккхина, СаьIид дIа а воьллина, хIорш чукхаьчча, цIаьххьана тиф лазар кхетта, тхан да Сайд-Хьамзат веллера. Висначу шимма барт бинера: СаьIидан каш схьадаьстина, цунна улле сан да вилла. Шен вешина улле. «Кхин каш даккха гIора дацара тхойшингахь. Каш, даккха ма-деззара ца даьккхича, берзалоша декъий дуура», – бохуш, дуьйцура цара.


ЖIоламаш вовшах а йихкина, царах салазан куьцехь цхьа тема а дина, цунна тIе виллина, лайлахула, и текхош, дIакхаьчча, ахкаш берзалоша аьхкина карийнера кхарна. Цунах а шаьшшинна гIуллакх хилира, олий, дуьйцура, хIунда аьлча, ницкъ бацара шаьшиннан болх бан…


И дисна ахкаш схьа а даьстина, шен кIанте Сайд-Хьасане аьллера цуьнан дас Мохьмад-Мирзас: «Вайшиннах цхьаъ чу ца воьссича вер вац. Хьо чувосса, ас хIара хьоьга чукховдор ву», – аьлла. Сайд-Хьасан каш чу воьссинера, дас сан да Сайд-Хьамзат чукховдош, мичара дела ца хууш оцу йесачу гарманан арара каш чу «Салават» деанера, ондачу, хазачу мукъамехь. Сай-Хьасан каш чуьра хьалатасавеллера, воха а воьхна. Дас аьллера: «Воха ма вохалахь, воха ма вохалахь!.. И хьуна хезаш дерг суна а хеза хьуна!.. Декъалхилла хьуна хIара шиъ!..»


Иштта ша-шена каш даккхар нисделлера сан ден Сайд-Хьамзатан. Дадас, ша валлалц, кест-кеста дуьйцура и. Дийнна доьзалш леш бара, олура дадас. Уьш дIабохка ницкъ ца кхочуш, лайнах а бухкий латтабора, йохйаллалц. Ма дукха нехан дегнаш делхийна зама йара и! Ма дукха доьзалш цIабаьхкира, цигахь шайн дай, наной, йижарий, вежарий дIабоьхкина. Ма ирча зама йара и! – олура Дадас……………………………….

ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№2.2025)

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.