Зуль хьижжат беттан ворхӀалгӀачу дийнахь (Асаран 13-гӀа де 2024 шо) тилпон ватсап чу хааман аз кхочу МехӀдигара:
«Сан лераме ваша! Хьо схьа ца вогӀу дуьненан шахьарийн нана йолчу хӀокху Макка? Наха ма-дуьйццу доьхна хьал а дац хьуна кхузахь. Мелла а маьрша ду. Кхушара Хьаж данза дисахь, ма чӀогӀа дагахьбаллам буьсур бу суна. Хьуна хӀун аьлла хета?»
Ӏуьйкъана гӀаьттича, и аз схьахезча, кийрара дог, схьаэккха санна, тохало. «Тхо кхоьллина, тхо кхобушволу Дела! Ма боккха болх а бу-кх хӀокхо схьакхийдориг. Хезаш долу тайп-тайпана хабарш, ара а ваьлла, дей-буьйсий а доцуш, чохь-арахь а доцуш, Ӏадда дӀа виллина некъахь, арахь, кхерамехь, гаттонехь, мацалла, хьогалла, садаӀар, вижар, гӀаттар, маьрша хилар а доцуш, дӀалела ницкъ кхочур буй-те? Лаа-м, вала санна, лаьара. Лаарх ма ца тоьа, ондда дукъ ду иза тӀелаца.
ХӀун жоп лур дара-техьа бохуш, ойланашка ваьллачохь, Ӏуьйр-ламазан хан а хилира. ХӀан-хӀа, хӀокху жоьпехь сихваларх гӀуллакх хир дац. Иза боккха болх бу. Далла гергахь тӀехь а долуш, цхьана а кепара вала аьтто боцуш, хӀунда аьлча, и болх баллал Цо дина дика а, ниӀматаш а, рицкъанаш а долуш ду. Делахь а, цхьа «хӀаъ, хӀан-хӀа» аьлла, хадам а ца беш, ойла а йина, жоп дала деза кхунна. Лаарх пайда бац. ХӀуъа дийцича а, ойла а йина, тӀелаца беза сацам олий, иштта жоп ло:
– Деллахь, ма дика ду иза. Хастам бу-кх вай кхоьллинчу Далла! Цуьнгахь ду-кх массо беркат а, ниӀмат а. Дийнахь, паргӀатехь, вистхир ву вайшиъ.
Ӏуьйр-ламаз динчул тӀаьхьа, жимма садаӀа гӀортарх, кхин наб ца кхеташ, балха воьду хан хуьлу. Балха дӀакхаьчча, озан хаам бохьуьйту МехӀдига:
– Боккъалла а, иштта маьрша ду цигахь гӀуллакх? ГӀаьххьачу барамехь догдиллина ма дара хьуна вай цу балхах. ХӀинца йуха а дог-ойла айъи ахь. Нана дӀакхаьччий хьо волчу? Хьал, ма-дарра, дийцахьа. Массо хӀума а. Муха нислур-те вайн гӀуллакх?
– Маьрша-м ца хаьа, делахь а, наха ма-дуьйццу, луьра хьал-м дац цкъачунна. Дера, ца кхаьчна нана Макка. Цунна сагатдеш ву со. Цуьнца некъан накъост велхьара, вуно дика хир дара. Тахана новкъа ца довлахь, ларор а дац Хьаж дан. Со кхузахь волччура, цуьнга Хьаж дайта лууш вара со.
– Делахь-хӀета, катоххий, билеташна гӀайгӀабан хьажа. Царах ахь цхьа йист йаьккхичахьана, вай, бӀаьргаш а хьаббина, новкъадевр ду-кх.
– Деллахь, ма дика хир дара иза. Билеташна ахь са ма гатделахь, – олуш, цхьана эха сохьтехь къайлаволу МехӀди.
Масех агӀо йолуш, тайп-тайпанчу билетийн мехаш а гойтуш, стенгара стенга доьлху дуьйцу цо. Тхойшиннан барт хуьлу, 15:30 сахьт даьлча, Соьлжа-ГӀалара Стамбуле а, цигара дӀа аэропорт а хуьйцуш, Джидде кеманна, Ӏуьйр-ламазана Джиддехь охьа а дуссуш лаьтта.
«И билеташ ас шуьшинна схьаэца мегий?» – хотту МехӀдис.
– Дера мега. Мел кӀезиг хан йелахь, сихо йелахь, схьаэца! Нене а дӀаала: сихо йайта, кечам беш.
– Нана-м кийчча, дера, йу. Шозза эцна билеташ дайна цуьнан. Дуьххьара, Соьлжа-ГӀалара новкъайаьлла а йолуш, гӀуда ду хьан цӀарах, иза дӀа ца делча, цхьа а цхьанхьа а вахийта йиш йац, аьлла, бухасацийнера.
– ШолгӀа, новкъахь хьем а хилла, некъ къевлина а хилла, иза тӀаьхьайисира Буру-гӀаларчу аэропорте 20 минотана. Цара а дехьа ца йалийтира. Цул тӀаьхьа к
Ӏира а даьлла. Делахь, билеташ схьаоьцу шуна. Ашшимма сихо йелаш, хан кӀезиг йу шуна аэропорте дӀакхиа.
– Дика ду, МехӀди. Охашимма карахь хӀун йан йеза-те? Цхьа а хӀума диц ма лахьара. Дела реза хуьлийла хьуна!
– Паспорташ аш диц ца дичхьана, кхин шуна башха оьшуш хӀума йац новкъахь а, йа кхузахь а.
– Оцу Делан сохьтехь такси а кхайкхина, балхара сихонца цӀа а вахана, масех чкъор барзакъ а, пхи шо хьалха Мединатахь эцна, лелийна ихьрам а тӀоьрмига чу а диллина, новкъаволу.
14:20 сахьт даьлча, аэропорте кхочу. Дикка хьейелла Баната а схьакхочу цига. Тхойшиъ дуьххьара гуш ду эццахь. Кхоьллинчу Деле, хьесталуш, доӀанаш а дина: «Везан Дела, Хьо гуш, хууш ву-кх охашимма арабаьккхина некъ. Тхойшиннан ниййаташ цӀан а дай, кхочушде Ахь! Некъ атта бе Ахь. Аьтто бехьа дуьззина Хьаж дан а, Хьайн парз кхочушдан а. Хьан бен ницкъ кхочур болуш хӀума дац-кх хӀара охашимма арабаьккхина некъ кхочушхилийтар. Хьайн сийлахь орца латтадехьа тхойшинна.
Коьртехь соьцура ойланаш: муха нислур-те дӀа а, схьа а некъ… Суо араваьлла, цкъа а, цхьана пачхьалкхера кхечу мехкашка лелла вацара, цхьана тобанца бен. Стамбулехь хийца йеза аэропорт а. Цаьрца бийца мотт а бац. Жимма а хьевелча, регистраци саца а йой, аэропортехь дехьа а ца волуьйту цара. Делахь а, Делан дуьхьа долчу хӀуманна тесна ца вуьту-кх. Накъост а нисвийр ву Дала. Оцу заманчохь цхьана нохчийн кӀантана уллехь нисло, кеманна тӀе хьаладовлале. Цуьнга хотту, салам деллачул тӀаьхьа: «Стамбулехь аэропорт йара тхан хийца йезаш, цунах лаьцна хӀумма а хаьий хьуна? «Сабихь Гюкчен» аэропорт йевзий хьуна?
– Со Стамбулехь цхьана шарахь Ӏийна ву. И аэропорт стенгахь йу а, дера, хаьа. Делахь а, цигахь хьуна и дийца а, гӀо-накъосталла дан а аьтто хир бац хьуна сан, хӀунда аьлча, депорташ йу цигахь вайн кегийрхошна. Со оцу хӀуманах ларвала везаш ву. Массо а охьавоссалц, собардеш, тӀаьхьа саца везаш ву.
– Дика хир ду. Дала аьтто бойла хьан, сан ваша!
Кеманна чу хьала а девлла, новкъадовлу тхо. Некъан бохалла коьрте хьийза ойланаш: «Маккий чу а, Ӏарафате а муха кхочур-те?» – бохуш.
Стамбулехь охьа а диссина, аэропортера арадовла схьадогӀуш долуш, Банатица нисло Ӏайшат цӀе йолуш цхьа нохчи зуда. Банатас хотту цуьнга:
– Кхузахь аэропорт хийца йеза тхойшиннан. Муьлхачу агӀор даха деза-те тхойшиъ?
– Муьлхачу аэропорте даха дезаш ду шуьшиъ?
– «Сабихь Гюкчен».
– И хала доцург ду. Цкъа хьалха ламазаш дийр ду вай. Цул тӀаьхьа ас дуьйцур ду шуна, стенга даха деза. Аэропорта чохь «масжид» тӀедоьлхуш, дикка дӀадахара.
Ламазаш динчул тӀаьхьа, телефонаш тӀе вайфай а тесна, МехӀдица зӀене девлира, са ма гатде, кестта дӀакхочур ду, элира ас.
Ӏайшата хотту тхойшинга: «Туркойн ахча, йа дозанал арахьа лела карта дуй шуьгахь?» – олий. Уьш тхойшингахь доций хиъча, аэропорта чуьра ара а йолий, генна некъ беш, Сабихь Гюкчене йоьду автобус а лохий, цуьнан мах дӀа а лой: «Шун Дала некъ нисбойла, вай зӀенехь хир ду Делан пурбанца», – олий, дӀайоьду Ӏайшат. Вовшийн тилпонийн лоьмарш схьаийцира оха, автобус тӀе схьадогӀуш, вовшех хилларг хатта а, гергарло лело а. Ӏайшата тхойшинца лелийна гӀиллакх, доьналла долчу къонахчо бен лоцур доцуш, хаза гӀиллакх дара.
Цхьана сохьтехь а сов некъ а бича, тхо дӀакхечира Сабихьа аэропорте……………………………..
ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№3.2024)