Хин тIадмал тийна
Хилар а тайна,
Лаьтта тIехь хила
Дог долчу суна
Ца оьшу «алар»,
Ца оьшу «бахар»,
Ца оьшу хьагI а,
Гамо ца оьшу.
Ца оьшу дагца
НеIалт а кхайкхош,
Йуьхьдуьхьал къежар,
Эсала воьлуш.
Ца оьшу весаш,
Дерг, доцург доькъуш,
Саьхьарлин шовкъехь
Ирдеш, дош алар.
Цхьаьнца а къийса
Йацар-кха диехье,
Йа долахь йиса
Йацар-кха сиехье.
Малх гIатта – Iуьйре,
Малх буза – суьйре,
Ткъа буьйса йоьлча –
ДIо кешнийн аре.
***
Хила а йогIура собаре,
Кхачийча собар а – собаре,
ЦIе хилла ца йага – собаре,
Хи хилла ца йаша – собаре.
Мел таьIна де хиларх – аййелла,
Мел хьийзаш некъ хиларх – «хIайт» аьлла,
Зама, хьан амал ловш –собаре,
Хьан амалх ца йулуш – собаре.
………………………………………..
ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№1.2025)















