…Йасин валкъурIанийл хьакийми инна каламиналмурсалийна Iала сиротIин мустакъиймин танзийлал Iазийзи рахьийми, – доьшуш хезира букътIехьашхула схьа. Тийналла хIоьттира, кешнашкахь санна. Тхо кешнашкахь дара.
Ши куьг тIехьа а диллина, корта охьа а таIош, хьуо дIахIоьттича, кхин сурт хIоьттира хьан бIаьргашна хьалха, коша чу вуьллург хьо а волуш, тIехIиттина лаьтта хIара нах а.
Ма тамашийна ду-кх хIара дуьненан хIума, дуьненан хьал. Цу хенахьца велир-кх со, гIиргIизочо Iаж ца беллачу хенахь, дIахьаьдира ойла гIиргIизойн махка, шайтIан махо чан-гIамарш а гIиттош, коьллаш идоче.
Бабас, къорзачу корталлица ги а вихкина, схьавалош вара со (лоьранатIе вигна хила а мегара) дагарна ватталуш волу,жIаьла санна тIеетталучухоршано иэга а веш. Ас Iаж бийхира велха а воьлхуш, амма оцу кертахь цхьана вордана уллехь цхьаъ деш воллучу гIиргIизочо човхийра баба, ца белира Iаж.
И ойла геннахь йисира, йуккъе дохк хIоьттича санна дIа а хедаш, дIа а йаьржаш.
Тхо цIадаьхкира. Схьадийцарехь, вагонаш цIера арадохуш хилларш йара. Некъаца цхьанхьа повидлаш ийцира, йаккхий аьчкан банканаш.
Чудаха меттиг йацара. Комарш ношйелла хан йара иза. Четарш тоьхнера чубаха хIусамаш йоцучара.
ЦIера арадохуш дисначу Бабин цIийнан цхьа чоь йохийна йара, тIехула тхов а боцуш, важа шиъ – дийна. И ши чоь йуьззина чохь уьстагIий дара. Рамазан цIе йолуш суьйли вара церан доладеш. И мичахь йа стенгахь Iаш вара-м ца хаьара суна.
…УппагIнаш дIахIиттош, дIанисдеш хезара, цхьацца даккхий тIулгаш а доьхуш чу. Коша чу.
1957-чу шеран бIаьста хаддаза чIогIа догIанаш оьхура. Четарш чу догIура догIа. Шайоллу хIума йашийнера. Синмерз оззош харш даьккхинарг бен, кхин хIума дага ца догIу. Пхи шо хилла-кх сан, и хан дукха йелахь а йа кIезга йелахь а.
Бабин кертахь доккха комарийн дитт дара, тIехь йаккхий комарш а йолуш.
Гондахьара лулахой богIура, цхьа тиша одъялаш а йахьаш, комарш иэго мегий бохуш. Иэгайора, иэгайора, бага тоьттура канашкахь бераша а, баккхийчара а.
Къастаман ойла йира ас; оцу гIиргIизо ца белла Iаж, кIело йуьззина Iохкушшехь, Бабас шен комаьршаллица дIайоькъу комарш. Суна и дегаза дацара, ткъа мелхо а, дог Iаббош, товш дара.
Суьйли вуон стаг вацара. Иза кестта дIавахара, шена машен нисйелча, Газ-51 олуш йолу. Суна гира иза дIайоьдуш, тIаьхьауьдуш цициг а долуш. Цициг дисира цуьнан, Iахар-м ца бисира, къинхетаман ойланца сагIина аьлла а, кхойтта шарахь ша доладеш долу массо а хIума Iана дахийтинашшехь……………………………………………………….
ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№1.2025)





