ГАУ «Издательский дом»

Iали-Баба а, шовзткъа къу-талорхо а

(Iарбийн туьйра)

Гочдина – А. Юсуповс. 1940 ш.

Мацах цкъа, дуккха а хьалха, цхьана гIажарийн гIалахь вехаш хилла ши ваша – Къосаммий, Iали-Бабай. Да веллачул тIаьхьа цунах дисина ахча дийкъира цу шимма. Къосам туька а йиллина, дезачу механ кIадий, чилланан халаташший йухкуш, мах бан волавелира. Шен хIуманаш хасто а хаьара цунна, эцархой тIемарзбан а хаьара, цуьнан туьканахь даима а дукха адамаш а хуьлура. Къосам гуттар хьолана совволуш вара, ткъа шен шортта ахча IаьIча, коьртачу суьдхочун йоI ПетIамат йалийра цо.
Ткъа Iали-Баба вацара, мах а беш, шен хьал совдаккха хууш. Цу тIе, зуда а йалийра цо къечу нехан йоI Зайнаб. Дукха хан йалале, дерриг а бохург санна, шайн хьал кхачийна бевлира уьш. Цкъа Зайнаба элира цуьнга:
– ЛадогIахьа, Iали-Баба, кестта вайна даа хIума хир дац. Ахь цхьа амал ца бахь, мацалла лийр ду вай.
– Дика ду, ойла йийр йу ас вай дан дезачун, – аьлла, жоп делира Iали-Бабас.
Беша а вахана, дитта кIел охьа а хиъна, ойлане велира иза. Дуккха а ойла йеш Iийра Iали-Баба, тIаккха тIаьххьара а дагадеара цунна: шен бухадисинчу ахчанах, базара а вахна, ши виррий, диггий, мушший эца.
ШолгIачу дийнахь, Iуьйранна, гIалина тIехьа болчу, арцана тIерачу йуькъачу хьуьнах а вахана, сарралц дечиг даьккхира цо. Моьрнаш деш, дечиг дехка а дихкина, и варрашна тIе а диллина, суьйранна гIали чувелира Iали-Баба. Базарахь дечиг дохка а доьхкина, бепиг, жижиг, хохаш, картолаш а ийцира цо.
ХIетахь дуьйна, хIор Iуьйранна арца а воьдий, сарралц дечиг а доккхий, тIаккха сарахь и базарахь дохка а духкий, шений, Зайнабиний жижиг а, бепиг а оьцура Iали-Бабас. Цкъа, хадо дагахь, цхьана лекхачу дитта кIелахь лаьтташ и волуш, цIаьххьана новкъахь стигала кхаччалц айъабелла ченан кIур байра цунна. Ченан кIур дIабаьлча, Iали-Бабана гира, дуьххьал шена тIейогIу, гIодайуккъехь къегаш даккхий тарраш а, нуьйрашна тIекъевлина цхьамзанаш а долуш, гIагI дуьйхина йолу дошлойн тоба. Царна хьалха, лекхачу кIайчу говрахь, цхьа бIаьрг а, Iаьржа маж а йолуш волу бере вара.
Iали-Баба чIогIа кхеравелира. Лекхачу дитта тIе а ваьлла, гаьннаш йуккъе дIалечкъира и. ХIинцца и лаьттинчу а баьхкина, говрашкара биссира дошлой. Шайн-шайн говрашна гIонжагIе дихкина деза галеш схьаэцна, уьш белшашна тIе а дехкина, шайн цхьа бIаьрг болчу тхьамдано хIун олу-техьа бохуш, лаьттара уьш.
«Уьш хIун адамаш ду, уьш хIун галеш ду? Тешна-а, къуй, талорхой бу хьуна уьш», – аьлла, хийтира Iали-Бабана.
Багарбира цо уьш. Тхьамда воцург а шовзткъа стаг хиллера уьш. Тхьамдано хьалха а ваьлла, болатан неI а йолчу лекхачу берда тIе бигира уьш. И неI, гонаха йаьллачу бацой, кIохцалган коьллаший дIахьулйина, дика къаьсташ йацара. Тхьамдано, неIарна хьалха саца а сецна, чIоггIа мохь туьйхира:
– Симсим, дIайелла неI! – аьлла. ТIаккха, бердах йолу неI цIаьххьана дIа а йеллайелла, тхьамда чувелира. Цунна тIаьххье цуьнан нах чу ма-бевллинехь, неI тIечIагIайелира. «ЭхI, и тамаша! Симсимма-х цхьа жима буц йу. Цунах даьтта доккхийла-м хаьара суна, амма цуьнга неI схьайеллалой-м ца хаьара!» – аьлла, хийтира Iали-Бабана. Iали-Бабана чIогIа хазделлера, уллера тIе а вахна, цу тамашийна йолчу неIаре хьажа, амма цу талорхойх кхоьруш, дитта тIера охьавосса-м ца ваьхьара и. Дукха хан йалале неI йуха а схьайеллайелира. Даьсса галеш буйнахь а долуш, шайна хьалха цхьа бIаьрг болу тхьамда а волуш, шовзткъа талорхо аравелира. Даьсса галеш нуьйрийн гIонжагIе а дихкина, говрашна тIе а хевшина, дIабахара талорхой. Дитта тIехь сеттина Iерна гIелвелла Iали-Баба, сихха охьа а воьссина, цу берда тIе ведира. «Симсим, дIайеллал неI ас аьлча, хIун хир дара-те? – аьлла, хийтира цунна. Хьожур со! Схьайеллалур йара-техьа йа йацара-техьа неI?» Майра а ваьлла, доккха са а даьккхина, шега ма-тоххало мохь а тухуш, элира цо: – Симсим, дIайеллал неI! – аьлла. Цу сахьта, неI дIа а йеллайелла, йоккхачу хьеха боьду некъ гучубелира. Iали-Баба неIсагIел чоьхьаволлушехь, неI тIечIагIайелира. Iали-баба кIеззиг кхеравелира: «Нагахь санна неI йуха схьа ца йеллалахь, аравала йиш хир йац-кх шен?» – аьлла. ХIетте а, тамаша а беш, дIа-схьа а хьоьжуш, чувахара иза. Иза кхийтира, ша доккхачу цIа чохь хиларх. Пенаца дIахIиттийна стоьлаш йара. Царна тIехь хIиттийна, чохь йуург а йолуш, дашо бошхепаш дара, дато негIарш а долуш. Iали-Бабана мерзачу даарийн хьожа кхийтира. ТIаккха, ша Iуьйранна йиичхьана, хIума йааза хилар дагадеара цунна. Цхьана бошхепа тIера негIар хьалаайъича, цуьнан цергех хи доладелира, хIунда аьлча йеззачу тайпана йаахIуманаш йара бошхепаш чохь: кхаьрзина котамашший, пулуй, гIаймакхашший, хьовлий, Iежашший, иштта дуккха а кхийолу мерза йаахIуманаш а. Катоьхна, котам схьа а эцна, бIаьрг-негIар тухучу йукъана и кхаьллина велира Iали-Баба. ТIаккха пулу даа вуьйлира. И диъна ваьлча, хьовлина тIе ка йахийтира цо. Амма даа-м ца лора цуьнга, хIунда аьлча, цу хьоле тIе валлалц ша вуьзна дела. КIеззиг са а даьIна, дIасахьежа велира иза. Цунна карийра вукху цIа чу йоьду неI. Iали-Баба цу чу велира, амма чуволлушехь ши бIаьрг хьаббира цо. Дерриг а цIа лепаш дара – цу чохь Iаламат дукха деши а, цуьнга терра кхин а безачу механ хIуманаш хиларна. ХIорда йистехь тулгIенаша йуьстахтесна жагIа санна, оьланаш а йина, дашо динараш а, датон дирхемаш а дара лаьттахь Iохкуш. Безачу механ пхьегIаш: жовхIарех дегна долу кедаш а, шаннаш а, бошхепаш а, хедарш а лаьттара массо а маьIIехь.
Китайра а, индера а, шемера а, мисрара а, – чилланан а, кIадинан а таппаш йара цIенкъахь Iохкуш. Дуккха а тIемалошна тоъал пенах хьалакхозуш ира тарраш а, деха цхьамзанаш а дара.
Ша муьлхачуьнга кхевдар ву а ца хууш, бIаьргаш а къаьрзина, виснера Iали-Баба: цкъа тIекхетий, схьа а оьций, цIечу чилланан халат йустуш, йуха тIекхетий, схьаоьций, куьзгана санна, дашочу шуьне хьожуш, тIаккха, дешин ахча канаш чохь дIай-схьай духкуш, ша хIун дича бакъахьа ду ца хууш, виснера иза. ТIаьххьара а, жимма са метта а деана, элира цо ша-шега:
«ХIара ахча а, безачу механ хIуманаш а, нах бохош, цаьргара схьа а йохуш, оцу хIинцца кхузахь хиллачу талорхоша гулйина йу, схьахетарехь». ХIара йерриг а хазна церан долахь йу. Нагахь санна ас цхьажимма цу деши тIера эцарх, и Iовдалалла йац. И-х кхузахь дагардина цаваллал дукха ду.
Халатан тIам хьала а лаьцна, гора а хIоьттина, цу чу деши схьалехьо волавелира Iали-Баба. Цу хьеха чохь ши гали карийра цунна. И ши гали динарех а дуьзна, неIаре а веана, мохь туьйхира цо: «Симсим, дIайеллал неI!» – НеI цу сахьта дIайеллайелира.
Iали-Баба хьеха чуьра араволлушехь, цунна тIаьххье неI тIечIагIайелира. ТIейаьхкинчу кIохцалан коьллаший, генаший бIаьргана къайлайаьккхира неI. Iали-Бабан варраш бай тIехь йежаш йохкура. Деших дуьзна галеш царна тIе а дехкина, тIедоьттинчу дечигца уьш къайла а даьхна, цIа вахара Iали-Баба.
КетIахь сагатлуш Iаш Зайнаб а йолуш, буьйсанна дара и цIа веача.
– Сел дукха хIун деш Iийра хьо хьуьнхахь? – аьлла, хаьттира Зайнаба. – Хьо цигахь берзалоша хIаллаквина моьттуш йара со-м.
– ХIинцца дерриг а хуур ду хьуна, Зайнаб, – элира Iали-Бабас. – ХIара галеш чуэца гIо дехьа суна. ГIовгIа а ма йе, лулахошна хезар ду.
– Зайнаба, йист а ца хуьлуш, царах цхьа гали шен белша тIе а диллина, Iали-Бабаца цхьаьна чудахара и шиъ. Зайнаба неI йуххе тIе а теттина, чиркх а латийна, галин бертиг дIайаьстира. Шена деши гича, кхерайаларна бос а байна, мохь хьаькхира цо:
– Ахь динарг хIун ду, Iали-Баба?! Мила вохийна ахь?
– Кхера ма кхера хьо, Зайнаб, ас цхьа а ца вохийна. Ас хIинцца дуьйцур ду хьуна тахана сайна хилларг, – элира Iали-Бабас.
Талорхойх а, хьехах а ша дийцина ваьлча, цо элира:
– Варий, Зайнаб, хIара деши дIалачкъаделахь, цхьангге а ма хаийталахь хIара хилар. Нахана боккъалла а тарлур ду вай цхьаъ вохийна, тIаккха цара паччахье моттухур бу, тIаккха паччахьа вайгара деши дIа а даьккхина, вайша тоьли чу дуллур ду. Ор а даккхий, цу чу дIахьулде вайша хIара деши?
Беша а дахна, беттан серлонгахь ор а даьккхина, цу чу деши а диллина, тIе латта хьаькхира цу шимма. И гIуллакх дина ваьлча, Iали-Баба охьавижира. Зайнаб а йелира агIор. Амма, ха хоьрцуш, ойла йеш дукха Iийра и: «Мел деши деана-техьа Iали-Бабас? Сатоссушехь, шадерриг а дагардийр ду ас и, тIаьххьарчу кепека тIе кхаччалц!»
ШолгIачу дийнахь, Iали-Баба гуттара ма воьддура, арца ма-вахханехь, йедда беша а йахана, лаьттах дохкучуьра динараш аьхкина схьа а даьхна, дагардан йуьйлира Зайнаб.
Амма, уьш сел дукха хиларна, Зайнаб, дагар а ца далуш, йисира. Дагардан ца хууш, даима а терахь тIера йухура и. ТIаьххьара-а, и кIорда а дина, элира цо ша-шега:
– Деши-м, гирда а беана, цуьнца дуьстича атта хир ду. Амма сан гирда-м бац. ПетIамате ца бехахь йер йац.
Ткъа Къосаммий, ПетIаматтий лулахь Iаш дара. Зайнаб цу сахьта, йедда, цаьрга йахара. Сени чу а йаьлла, ПетIамате элира цо:
– КIеззигчу ханна гирда лохьа соьга, ас тахханехь йухабохьур бу хьуна и.
– Дика ду, – элира ПетIамата, амма сан гирда лулахошкахь бу. Ас хIинцца схьа а беана, лур бу хьоьга и. Кху чохь собар делахь, хьан ши ког боьха бу, хIинцца чу куз тесна ас.

__________

Йерриг материал йеша “Орга” журналехь (№4, 2023)

7 комментариев

  • The SIGNATURE COBRA LIMITED EDITION KEYPAD PHONE is a limited-edition device that blends classic and modern design. Its unique snake-inspired shape and exquisite craftsmanship immediately reveal its extraordinary allure. The snake’s body is adorned with 439 rubies, with emeralds for the eyes, and features diamonds of 1.02 carats and 2.02 carats, representing unparalleled luxury. As a symbol of prestige, this phone not only offers outstanding communication features but also serves as a collectible work of art.

  • I’ve lear sveral just right stuff here.Certinly worth bookmarkng forr
    revisiting. I surprise how soo much effort youu pput to make thius kind of
    mgnificent infprmative website.

  • Магазин спецодежды blatta.ru

    Предлагаем Вам товарный знак спецодежды одежды BLATTA, который специализируется на качестве и надёжности продукции. Мы создаем одежду, которая может защитить человека даже в самой агрессивной обстановке. Дается пожизненная гарантия на одежду, чтобы вещи могли служить Вам долгосрочно. А также, любое изделие проходит смелую практику, прежде чем попасть в каталог продаж. Подробнее на сайте blatta.ru смотрите прямо сегодня.

    Если Вы искали [url=https://blatta.ru/]спецодежда костюм мужской[/url] в интернете, то заходите на наш интернет проект. Посмотрите каталог нашей очень надежной, уникальной рабочей спецодежды. Прошло то время, когда люди выбирали низкие цены, игнорируя качество. В настоящее время, в век инновационных технологий, новации приходят и в сферу рабочей одежды. Оцените самостоятельно, купив наши лучшие образцы.

    На сайте blatta.ru Вы сможете заказать: футболки, шорты, полукомбинезоны, ветровки, жилеты для каменщиков, куртки и другое. Каждый образец имеет детальное описание, состав, рекомендации, фото и видео просмотр. Функционирует бесплатная доставка от 3х тысяч рублей, бесплатный возврат в течение 30 дней.

    По теме [url=https://blatta.ru/katalog-tovarov/shortyi/]купить рабочие шорты[/url] звоните нам. Мы на связи круглосуточно, без выходных. Контактный телефон +7(912)447-84-22 или пишите нам в телеграм. Расположены по адресу: г. Ижевск, Воткинское шоссе, 16 В. Время работы с понедельна по пятницу с 9:00 до 18:00. Отправляем одежду по всей России. Успейте заказать по отличным ценам.

  • Филиал СЭС Москва dezinfekciya-mcd.ru

    Представляем услуги по безвредной дезинфекции от любых типов вредителей в Москве и области. Обрабатываем загородные дома, офисы, рестораны, гостиницы, административные и любые другие виды помещений. Спешите за подробностями на веб портал dezinfekciya-mcd.ru и успейте заказать услуги по специальным расценкам.

    По вопросу [url=https://dezinfekciya-mcd.ru/unichtozhenie/unichtozhenie-os-i-shershnej/]служба уничтожения ос[/url] Вы на верном пути. Мы являемся официальной дезинфекционной и санитарной службой столицы России Москвы. Все работники сертифицированы, техника и препараты одобрены Роспотребнадзором, поэтому не нужно сомневаться, приглашая нас, всё пройдет в наилучшем виде. Также дается гарантия до пяти лет на оказанные услуги.

    Узнать стоимость возможно на сайте dezinfekciya-mcd.ru прямо сейчас. Воспользуйтесь формой для подсчета, введя собственные критерии и контактный телефон. По оставшимся вопросам позвоните по номеру телефона 8(495)003-35-57 или оформите заявку на обратный звонок. Мы разместились по адресу г. Лобня, ул. Промышленная, д. 1 А, оф. 11.

    Чтобы оформить услугу [url=https://dezinfekciya-mcd.ru/unichtozhenie/klopov/]уничтожение клопов в квартире[/url] позвоните нам. Неприятные насекомые или грызуны могут появиться почти в любых помещениях, не только на старых заброшенных участках. Мы занимаемся: уничтожением тараканов и блох, удалением запахов, дератизацией мышей, уничтожением борщевика, моли, короеда, отлов кротов и многим другим. По всем этим вопросам звоните как можно быстрее в нашу фирму.

  • Рекомендую: https://remont-avtomagnitol-wire.ru/. Если вам нужно качественное обслуживание и настройка автоэлектроники, обязательно посетите [url=https://remont-avtomagnitol-wire.ru/]https://remont-avtomagnitol-wire.ru/[/url]. На сайте представлены услуги по ремонту и настройке магнитол, установка автоакустики и диагностика электрооборудования.

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.