АХКАЗА ТӀАЙШ
Наж санна чӀагӀо йу
Стогалла – олу,
Цу маьлхан шовданах
Стогаллин суй,
Цу лекхчу ламанах –
Стогаллин гlopa,
Бал боккхуш тиллина
Бохь лекха куй.
Эшначохь наж багош –
Алунан орам,
Эшначохь суй латтош,
Серло а луш,
Эшначохь лам тӀера
Схьаоьцуш гlopa,
Даьхначех дай вай ма,
Дукь даккхалуш.
Цу цӀенчу шовданах,
Цу цӀенчу хӀаваах
Вай цӀена къурд бича,
Ойланаш айало.
***
Дицделла вешина вешин каш,
Ша сарралц хьийззашехь гонах,
Кешшаго, кешшаго, кешшаго,
Хьо дуьне, хьо дика кьонах.
Кхолламо шен йоза дешна-кха,
Къастийна диканиг вончух,
Сискална вайн латта хьешнарг а
ВогӀийца,
дог тӀулган къонах.
Цу тӀулган дагах хи ца долуш,
Х1уттур-те вайн махка йокъа?
Я даьржар,
тӀаьхь-тӀаьхьа са долуш,
Хьарам-мутт, багабеш мокхаз?
Вай тӀаккха бохур дац: кешшаго,
Хьо дуьне, хьо дика къонах,
Дицлур дац вешина вешин каш,
Ша сарралц хьийззашехь гонах,
ХӀиттор вац сискало гуора…
……………………………………………..
ТIаьхье йеша “Нана” журналехь (№1.2025)





