
***
Ламанца, аренца –
Дуьнен чохь маьлхан,
Дикачу адамех
Воккха а веш,
Я сихчу некъаша
Вадийнчохь аьрха,
Хьайх тешна мел долчо
ГӀайгӀане веш,
Хаттар до: «Нах буй-те
Вайшинна реза,
Вай гӀуллакх дой церан,
Карайой хан,
Хилалой нахаца
Дог-кIеда, мерза,
Кхиалой дӀакхачо
Беркате кан?!»
Вицвелла, идарх хьо,
Сискална вецаш,
Ледарло ма ю и, –
Хьан яцахь цIе!
«Хьо хьанал, тешаме
Ву!» – аьлла, йоккхуш
ЦIе яцахь, наха хьо
Оьцур вац тIе!
…Цу сенчу аренца
Шовдано шорта
Шен гӀийла, цӀена хи
Латта а деш,
Кхиийна xlapa кан,
Сан хьоме доттагӀ,
Ло хьуна совгӀатна,
Хьанал а беш.
Хьажал хьо кху кенан
Буьртиге ларрий,
Йочанийн, йоькханийн
Буьртигаш – хӀорш.
И цӀена буьртигаш –
Ойла ма-ярра, –
Дешел а, детел а
Ду вайна товш.
Кхин хӀун дарж оьшура
Нохчочун стагна,
Даймехкан хазалла
Хилчхьана шехь?
Дай хьахош, мохк хастош
Хилчхьана, дагна
Кхин боккха там эшац, –
Вай ма дац къиэн.
Леллий хьо махкана
Дика кӀентий безаш?..
Къиэн вац хьо, кхиийнехь
Беркате кан…
Тешаме доттагӀий
Биний ахь реза,
Яьккхиний цаьрца ахь
Хьайн мерза хан?..
Оставить комментарий