Беттанийн цӀераша а, тӀулгаша санна дуьйцу
ДагдогӀий шуна, Дагаев Валида Мамакаев Мохьмадан «ТӀулгаша а дуьйцу» байта тӀехь даьккхина дӀаолуш хиллачу иллин могӀанаш? «Со лам чу вогӀура кху ширчу новкъа, некъаца тидам беш, тӀулгашка хьийжи. Дай баьхна гӀирсаш а, хилларг а довзош, цу тӀулгийн тархаша шайн мотт а бийци.
Хьан бах хьо, сан Даймохк, йаханчу хенахь, йоза а хьайн доцуш, бӀарзбелла баьхна? Къийсамо аьгначу хьан тӀулган бешахь, гуш ду-кх йаздина сан дайшка кхаьчнарг»…
Оцу къонахаша йахь йолчу тӀаьхьенашна ойла йан дукха хӀума дитина шайн иллехь. Бакъду, йа дика илли а, йа дайн весет а йахь йолчу тӀаьхьенашна бен эшна дац цкъа а. (Тахана, дуьненан рицкъане марзделла, сийлахь хилларш ахь лоьруш дуйла хиъча а, хьо нахана Ӏовдал хеталучу тӀе даьлла гӀуллакх). Делахь-хӀета, йахь йолчу нахана эшахь а аьлла вайн дайша беттанашна техкинчу нохчийн цӀерех а, церан маьӀнех а дийца лаьа.
Стеган Ӏер-вахар Даймахкана генахь хилча мухалле а орамашка гӀерта дог-ойла. Махках ваьлларг дукха хьолахь маттах а волу.
«Беттанийн цӀераш вайн нохчийн маттахь йазйина тосур йацара ахь? Церан маьӀна хӀун ду?», – телефонехула хоттуш берш а нисло. СубхьаналлахӀ, ткъа мел хаза йу уьш! Валидан иллехь тӀулгаша санна вайн дайх а, вайн къоман водах а лаьцна дуьйцу-кх оцу беттанийн цӀераша.
Шеран хьалхарчу (йанварь) беттан цӀе Кхолламан аьлла йу. Шеран дахар 12 баттахь бен ца латтахь а, шеран а бу, дахаран санна, шен «кхоллам». Цундела аьлла хир ду оцу баттах кхолламан бутт. ШолгӀачу (февраль) баттах Чиллин бутт аьлла. Ӏаьнан муьрехь массарел буьрса, шийла, шело чӀагӀло бутт бу иза. Оьрсаша «Крещенские морозы» олу оцу баттахь йогӀучу шелонех. Мел буьрсачу Ӏаьнан а чаккхе нисйина Дала. ГӀайгӀанечу гуьйрено а, дехачу Ӏаьно а дижийна лаьттина Ӏалам самадолу. Дуьне а къагош, олхазарш лохкий, зезагаш, патарш даржош, ша йогӀий хоуьйтуш, йоьлуш, екаш схьакхочу бӀаьсте. Цундела аьлла шеран кхозлагӀчу (март) баттах Бекарг бутт. БӀаьстенан йовхонца латта дохделча, ирзошкахь а, хесаш тӀехь а белхаш дӀаболош хила вайн наха. Шен йолчо говр йа сту дӀабужий, ларош велахь ша цхьамма а, ларош ца хилча, белхеш беш а, оханаш деш кечдора латтанаш. Цундела аьлла шеран боьалгӀачу (апрель) баттах Оханан бутт.
Латта аьхна даьлча бен дӀадоьйла дац йалта. Оханна тӀаьххье кхочура хӀу дӀатасаран рагӀ. Цунах а, (май) баттах, ХӀутосург бутт хилийта лиира царна. ДӀайийнарг кхиош верг АллахӀ ву. Ткъа адамна тӀехь ду и хӀу кхион ша дан догӀург деш бахьанаш лелор. Иштта, хесахь къахьоьгуш хилла вайн наха. Хийлазза дийцина гехь бераш а долуш асарш деш лелллачу зударех лаьцна. ХӀутеснарг асар деш кхиайо. Оцу баттах а (ийунь) Асаран бутт бен олийла а дацара цара.
Ӏаьнна кечам бар леррина хилла вайн. Доьзал санна, даьхни а хилла Ӏаьнаха даккхархьама кечамаш бан безаш. Шайна сискалх а, кIалдан межиргах а кечйинчу ларчица йуьртах бовлура мангалхой. Мангалш тусий, цанаш хьоькхий, гурралц докъарийн холанаш, раьгIнаш дӀахӀиттайора цара. ХӀора а дикачу кӀантана Асаран баттана тӀаьххье богӀург Мангалан (ийуль) бутт буйла хаьара. ДӀадийна йалта хьокхуш белхаш беш хилла. Оцу балхана кечйинчу меттигах хьаьтта олуш хилла. Нохчийн халкъалахь мукъа лелачу стагах цундела олуш дисна ду «балхахь-хьаьттахь вац» а алар. Оцу балхана леринчу баттах (август) Хьаьттан бутт аьлла. И гӀуллакхаш дӀасалуьстуш Ӏашшехь хьалхуо, мангал биттинчу ирзошкахь а, басешкахь а, керла бецаш йовлура. (Товбуц олу цкъа йаьллачу меттахь шолгӀа а йолучу бецех).
Иштта, (сентйабрь) баттах Товбецан бутт олу. Гуьйренан хьалхара бу Товбецан бутт. Аьхкенан йовхо дӀайолий, гӀаргӀулеш махках йовлуш, четарш а (зонтикаш), гӀовталш а самсайоху мур бу иза. Гуьйренан денош довха дагӀахь а, амма Ӏуьйре а, суьйре а деана хааделла догӀа а доцуш, бецаш а, дитташ а тӀе йис йуьллу. Йис (иней) йуьллучу (октйабрь) баттах Эсаран бутт хилира. Ӏаьнна чубоьрзучу наха даа жижиг дакъош хилла. ЙАлтех, докъарх токхечу аьхкено ен йусточу бежанах лахьана ден кхиош ду олуш хилла. Нойабрь баттах лахьанан бутт аьлла. Гуьйренан аьхналла чекхйолуш, шийла маӀаш Ӏуьттуш схьакхочу Ӏаьнан хьалхара бутт. Эсаран а, лахьанан а беттанашкахь санна атта ца хуьлу хIокху батто йохьу шело лан. Ӏалам а, адам а чутоь. Товхана уллехь цициго санна, йовха меттиг а, бовха кхача а хержа долало адам. Чохь йовха, арахь гӀорийна хуьлу оцу хенахь. Хиш, шовданаш, некъаш гӀорийначу (декабрь) баттах ГӀуран бутт аьлла.
Вайн дайша-наноша латтаца къахоьгуш, шайн доьзалш кхабарехь само еш, сагӀа дехар-м аьттехьа а доцуш, хьанал а, хаза а, мерза а баха хууш нах хилла хиларх лаьцна дуьйцу беттанийн нохчийн маттахь йолчу цӀераша. Хьаша веача, тахана вай санна, луларчу супермаркет чу йа ларек чу ца хьовдуш, бун чу, божал чу хьовдуш хилла вайн наной.
Дера, беттанийн цӀераша а, тӀулгаша санна ма дуьйцу вайн дайн хьуьнарех.
ДештIаьхье:
Вайн дайша лелош хилла беттанийн цIераш лохуш, толлуш, карлайохуш боккха болх бина Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дIадолорца кхоьллинчу Нохчийчоьнан шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь нохчийн маттахь нийсайаздарна тIехь терго латторан комиссин декъашхоша. Цара шина шарахь гергга цу декъехь болх бар бахьанехь вайна йуха а йовза йолаелла вайн дайша рузманехь лелийна нохчийн беттанийн цIераш. Дала йоле дуьллийла цара хьегна къа!
Россин йаздархойн Сойузан а, Россин журналистийн сойузан а декъашхо, Нохчийн Республикин «Даймохк» газетан культурин а, дешаран а отделан редактор
ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап
Check out my website
stromectol over the counter usa The Three Highlands did not respect the decrees of the Grand Duke Tikri during his lifetime, so the ministers acquiesced to this decision
mortgage companies in michigan [url=https://zukfgw.zombeek.cz]video games colleges[/url] source of income discrimination
Meds information sheet. Long-Term Effects.
sildenafil
All what you want to know about pills. Get now.
https://sklad-24.ru/
Scherling, C buy cialis generic
https://promobanger.com/
Aprender a negociar com criptomoeda e realmente um otimo comeco por causa da volatilidade.Eu nao gosto do fato de que os simbolos scatter nao podem reativar outro conjunto de Rodadas Gratis enquanto estiver no recurso, o Cherry Red Casino oferece bonus semanais.However, there are other advantages to BTC gaming that make it worthwhile to try. https://www.thefeelgoodreport.com/forum/general-discussions/maquina-de-caca-niqueis-de-bitcoin-da-fire-island-on-line MГЎquina de caГ§a-nГqueis de bitcoin da Fire Island on-line La fuente de alimentacion incluida es muy eficiente, y tambien utiliza un disipador de calor independiente con uniones de ultima generacion, lo que puede proporcionar una excelente tasa de disipacion de calor.Bitcoin casinos have several advantages over traditional casinos, including: Bigger Bonuses: On average, the reload and welcome bonuses available at BTC casinos are considerably larger than what’s offered by standard fiat casino sites.Alem disso, todos os bonus tem requisitos de aposta de 40 vezes antes que os jogadores possam retira-los.Namun apa sebenarnya keistimewaan dari SMG tersebut?Escolha uma “boca do fogao”, gire o dedo no sentido horario para escolher o tempo e pronto.Some critics of bitcoin might point to bitcoin’s low transaction (roughly five transactions per second, or tx/s) speed as evidence of its lack of portability.Por isso, caso voce ganhe no Poker bitcoin suficiente para lucros, esse dinheiro estara mais seguro do que o Real.By the early 1980s, several different protocols competed.Para ampliar uma ranhura de amostra, clique duas vezes nela ou clique com o botao direito do mouse e selecione Ampliar no menu pop-up.
where can i buy zithromax uk Therefore, TURP is not currently considered a definitive therapy for prostate cancer, but only a palliative measure for relief of obstructive symptoms