ГАУ «Издательский дом»

ГУМАЕВ ВахIид. Нохчийчоьнан иэс

Нохчийчоьнан иэс

Нохчийчоь, исторехь
ахь бала хьегна,
Даима хьан кIентий
къийсамехь эгна.

Хьан маршо дIа ца луш,
уьш хийла летта,
МостагIчун къар ца луш,
лардина латта.
Нохчийчоь, хьан майра къам
хьалха кхуьйсуш,
ХIилланца зуламаш, коча а туьйсуш,
Арарчу махкара
цхьацца схьавогIуш,
Хьан кIентий хIаллакби,
гIазоте боьхуш.

Иштта дIаихна хьан
хиламийн хенаш,
Ца кхуьуш йерзайан
турпалхойн чевнаш.
ЦIинйала ца йуьтуш,
ойланаш Iехош,
Кочара ца боккхуш тIом,
кхане йохош.

Йуха а хьуна чохь цхьа
«пелхьо» вели,
Йуха а буьрса тIом хьан
баьрче бели,
Арара баьхкина,
«гIазоте» кхойкхуш,
Хьийза уьш, шайн
«хаза зурманаш» лоькхуш………………………………


ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№4.2024)

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.