ГАУ «Издательский дом»

ГАЗИЕВА Аза. ФИЛОЛОГИН IИЛМАНАН ХЬАЬРМАХЬ ВАЬХНАРГ

(Филологин Iилманийн доктор, профессор
Халидов Муса вина 70 шо кхачарна лерина)

2024-чу шеран товбецан беттан 4-чу суьйранна, йуьртахойн дегнаш Iовжош, шийла кхаъ баьржира Соьлжахь, Идрисан кIант – Халидов Муса дIакхелхина аьлла. Муса могIарера йуьртахо вацара. Иза соьлжахойн дозалла, дика стаг, воккха Iилманча вара. Дуккха шерашкахь, уггаре а халачу хенахь, йуьртахойн верас хилла лаьттина вара иза.

ГIо-накъосталла оьшучохь шегара орца кхачо хьуьнар, доьналла, кIорггера хаарш, лаккхара Iилма, сирла кхетам болуш адам дара Халидов Муса. ХХ-ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь луьрачу тIеман буьрса цIе йара Нохчийчоьнах хьаьрчина. Луьста хиллачу авиатохарша цIа дохийнарг а, «зачистка» йолуш кIант дIавигнарг а, Iедалан цхьаболчу векалша «компенсаци» бахьанехь дог дохийнарг а Халидов Муса волчу хьодура; цунах дагавала, синтеме дош хаза.

Хан йарий-йацарий аьлла ца Iаш, шен кетIа веанарг Мусас тIелоцура, лерина цуьнга ладугIура, шегахь йолчу таронца орцахволура. Вайна дика дагайогIу Iедалан цхьаболчу векалша компенсацешца кегийна кийтарлонаш, вуьшта а тIамо къинхетамза дегнаш эшийначу мисканийн Iийжачу синойн чевнаш а дарйеш. Цу эхь-ийман доцчу йекхаргашца къийсабала шайн ницкъ ца тоьъча, Муса волчу богIура соьлжахой, лакхарчу хьаькаме дIахьедар (заявлени) йаздахаьара олий.

Мел сиха валлахь а, шен болх йуьстах а тоттий, Мусас йаздора и дIахьедар. Дуккха нахана царах доккха беркат делира. Иштта Iаламат хала йеанчу заманахь йуьртахошна беркате гIортор хилла лаьттира иза, цхьа а дIа ца тоттуш, цхьаьнгге а ша сиха воллу ца олуш. Бакъдерг дийцича, мукъа хан Халидов Мусан цкъа а хилла йац. Цуьнан дерриге дахар а Iилманехь бечу талламашна дIаделла дара.

Иза хаддаза Iилманан лехамехь а хуьлура, хаарш кхиорехь даима шена тIехь болх беш а хуьлура. Цундела кхаьчна хир ву-кха иза толамийн ирхенашка, дозадоцчу кхиамца филологин Iилманан къайленаш йостуш, нохчийн, оьрсийн а меттанийн хазалла шен студентийн сих а, ойланех а хьарчош. 1980-чу шарахь дуьйна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь хьоьхуш вара филологин доктор, профессор Халидов Муса. Белхан накъосташна, студенташна везаш, лоруш шен дика цIе йаккхийтина, хьуьнаре хьехархо а вара иза, дахаран некъаш аттачех ца хиллехь а……………………………………….

ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№4.2024)

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.