ГАУ «Издательский дом»

Эмкал. Халкъан туьйра

Цхьана гуьйренан дийнахь ижу лаха арадевлла хилла хьуьнан акхарой: чай, борззий, цхьогаллий. Кхин пхьор карадарх долу дог а диллина, хин йистерчу гу тIе а хевшина, гIелделла Іачу кхарна, йежаш йогIу эмкал тIекхаьчна.
– Ахь хIун до, эмкал? – хаьттина акхароша.


– Борз санна тIедогIуш lа а ду, луо диллале бохуш, йажа гIерташ ма йоллу со-м, – аьлла эмкало.
– Ишта лелаш ду-кх тхо а. Цхьаьнакхета деза вай, – аьлла акхароша.


– Суна цхьа хIума хетара, шу реза делахь, – аьлла хIилла долчу цхьогало.
– ХIун хетара хьуна? – хаьттича, цхьогало жоп делла:
– Вайна йаа хIума каро ца йоллу, хIара Iа хала хIума йу. БІаьстенан йуьххьехь со дендер аш. Де а дей, со даа кхааммо а, – аьлла.


Цунна дагадеанчух кхеттачу барзо аьлла:
– Хьох-м йаа хIума хир йацара: хьо жима ду. Со йуьйр йу вай. Ас хала а доккху Іа. Со денйер аш, бIаьста йаьлча.
– Хьо а йаа хIума йац, – алла чано. – Хьо а йу жима. Со йуьйр йу вай. Ахьчул а хала доккху la ас. Со денйер аш бІаьста, цо аьлча:
– la-a-loвxI!.. – аьлла эмкало. – Іа хала хIума йу. Аш массарчул а хала доккху Iа ас. Со денйер аш, бIаьсте йаьлча. Со массарел йоккха а йу. Со йуьйр йу вай.


Цу тIехь барт а тайна, эмкал йийна. Цуьнан чуоко йила йахийтина чано борз а, цхьогал а.
Чуоко йуьлуш Іаш, Іонжаре а хьаьжна, цергах хи тесна мецачу барзана.
– Ма чомехь хIума йу-кх хIара! – аьлла цо.
– Йаа вайша и? – аьлла цхьогало.


– Ча мегар йац. Довдийр ду цо вайшинна.
– Чена-м хуур а дацара и… Нагахь цо коьртахдаккхахь, соьга хьожур хьо. Ас жоп лур ду цунна, – аьлла цхьогало.
Іонжар диъна шиммо а…………………………………………………….

ТIаьхье йеша “Стела1ад” журналехь (№2.2025)

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Last one
  • Au bois #
  • Au bois
  • Échaffaud
  • Nina
  • Mood
  • Auto-stop
  • Compo
  • Jeannelune

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.