Хье тIе хии суна моза.
И ма хаа цига гIоза!
Хьажал, иза-м зIуга йу,
Туьйхи коьртах суна йу.
«Мама», – аьлла, бели мохь.
Дадас боху: «ХIун до ахь?!»
Севси, севси балда схьа,
Къайлабели бIаьрг а цхьаъ.
Писуна а вовзац со,
Цецдаьлла, гуо туьйсу цуо.
Со ца вевзаш, борзика
Сан хечин ког батIий-кха.
Стела1ад №3.2024