ГАУ «Издательский дом»

Дагардарш

Човка

Човкас чантал чехайо:
«ЧӀевна хилла чӀийжа хьо.
ЧайтаӀ бен чу гӀуртур йу.
ЧӀечкъаш чагӀалкх кхочур йу».

****

Вай лечкъаргех ловзур ду.
БӀаьргаш хьаббо мила ву?
Аса хӀинца дагардо:
Цхьаъ, шиъ, кхоъ…
Иза хила мега хьо!

Бер хьастар

Ког, ког, куьйран ког,
Билмовтин буолан ког,
Элмовтин элан ког,
Нах дегIе бахана хьуна,
Вайша тIаьхьадисна хьуна.

****

Цхьара – цхьара цхьайтта
ЦӀийнанана шийтта,
Ши йетт бетта кӀудал,
Туп хьаса боккхуш,
Хьесалгаш кхуьссуш,
Обариг – мобариг
КӀомсар кӀанц.

СтелаIад, №4 2023

33 комментария

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.