ГАУ «Издательский дом»

ДАДАЕВ Сайд-Хьасан. Йахалахь…

Дийцар

ХIинц-хIинца ткъе пхийтта шо кхаьчнера Яхин. Хаза кхиъна догIуш йоI а, кIант а дара цуьнан: Дагмара а, Абубакар а. Дуьхь-дуьхьал а дирзина, ловзуш, доьлуш Iаш дара и шиъ. Цаьршинга а хьоьжуш, гIийла: «Йа АллахI!» – бохуш Iуьллура Яха. Лазаран бала токхуш йара и пекъар. ЦIе ца йоккхучу лазаро лаьцчахьана дуьйна чIурам санна йогуш, кхачалуш йара. Цунна шена а хаьара иза. Хаьара ша бехачу новкъа йолуш йуй.
– Дагмара, – меллаша кхайкхира иза. ЙоIана ца хезира. Йуха а …


– Мама, мама, хIун боху ахь? ХIун оьшу хьуна? – ша хиъна Iачуьра хьалаиккхина, йедда нанна тIейеара иза.
– Суна йуххе охьахаахь. Схьакхайкхахьа Абубакар а. Дагмара, хьо хIинца йоккха йоI йу… Со а гуш йу хьуна. Сох хIуъа хилахь а, хьайн вешин дола делахь, и воккха хиллалц. Хьайна йуххера ма валийталахь… Хезий хьуна?
– ХIаъ, мама, волуьйтур вац. Самагатдехьа, мама. Хьуна гIоли хир йу.
– ХIинца мама марайоллал шимма а. Со дIайижа йоллу. ДIайаха, – халла хазош дIатийра иза, ког-куьг нисдеш. Кхин йист ца хилира, меттах ца йелира… Баьгна белира чIурам… «Йахалахь, Яха! Дуккха а йахалахь», – бохуш нанас хьистина йоI йаьхна йелира…


– Шуьшиъ хIинца арадала деза. Дадина йитал жимма шайн мама, – аьлла Дагмара а, Абубакар а шайн нанна тIехьаьрчина долчуьра эсала схьадаьккхира, хIетталц дехьа чохь «Ясин» доьшуш Iаш хиллачу Давуд-моллас.
… Зударша белхар долийра. Оцу минотана керт адамаша дIайуьзира. Тезет дIахIоьттира.
Дагмара, цхьана соне а тебна, мела догIа хилла йоьлхура,аша мара а къуьйлуш. Исс шо бен доцу йоI кхетара шена дуьне доьхна хиларх, йалх шо долу Абубакар хиллачух дика кхеташ ца хиллехь а.


Кхо-диъ де даьлча, чоьнаш, керт йассайелира. Адамаш шайн-шайн гIуллакхашка дIасадахара. ДагмарагIеран да Iусман а, хIара шиъ сама а даладе балха дIавахара. Дассаделира цIа, Яхин диван а. Ша сама воллушехь, хьалаиккхина, нана йуьжуш хиллачу диванна тIевахара Абубакар:
– Мама сийсара а цIа ма ца йеана. Иза цIа маца йогIур йу? – велха озийра кIант, цул хьалха дIайаьллачу кхаа Iуьйранна санна.
– Ас ала ма аьлла хьоьга, ша то ма йеллинехь Мама цIайогIур йу. Хьо велхахь а, ахь хIума ца йаахь а-м йогIур йац, – олура йишас.


Иштта дIаоьхура денош, кIиранаш. Бутт, ши бутт белира. КIант цIеххьана хийцавелира. Воккха хилира. Хетарехь, кхийтира шен нана цIайогIург цахиларх. ТIекхечира гуьйре. Дагмара школе йаха йезаш йара. Амма кIантаца цхьаьна цIахь ца Iийча ца йолура. Дешарна тIера йолу иза и бахьанехь чIогIа гIайгIане йара.
Балхара цIа веанчу Iусмана:
– ЙоI, ахь кхана школе йаха кечамбе, хьан хьехархо йара чIогIа бехкаш дохуш, хьо школе хIунда ца йоуьйту бохуш. КIант ас садике дIавуьгур ву.
– Дада, садике ма вигахьа иза, ас сайца школе вига ца мега?


– Ца мега! Со дийцина ваьлла. Хьайга аьлларг де ахь, – хадийра къамел берийн дас.
ШолгIачу Iуьйранна, шен дена тIаьхьа а хIоьттина, ловза а лелхаш, дIавахара Абубакар. Цу шинна тIаьхьа а хьаьжна, йелааьшна хилира Дагмара.
Абубакар садике леларх дIайуьйлира иза. Дуккха а кхечунах санна: кIентан коч-хеча, майка, кхийерг йиттарх, царна иту хьакхарх, мачаш цIанйарх, цунна йуург кечйарх, садикера иза цIавалорах санна. Амма цуьнга цкъа а, къобалдина, тIелацалур доцург, иза йола йиш йоцург а хилира. Хилла даьлча, вешин дуьхьа и лан, къурд бина, сацам бира цо, шен дагара ца хоуьйтуш.


ХIаъ. Iусмана зуда йалор дара цунна къобалдан цалиънарг, цуьнан тIаьхье шена гуш санна. ХIетте а шен дагара ца хоуьйтуш, тийна-таьIна, шен вешин хьашташна дIахIоьттина Iаш йара иза. Бакъду, къайлаха кест-кеста шен нанна йелха-м йоьлхура иза.
– И ши бер, нана а йелла дисина ду хьуна, ас хьалха а хьоьга аьлла ма-хиллара, ца оьшу дов деш чеха ма делахь и шиъ, хьайн долуш санна тIелацалахь, хьасталахь, тIаккха цара хьо а тIелоцур йу хьуна, – аьлла шен нускална хьехар дира Iусмана.


– ХIаъ, – элира цо, иза даггара аьлла ду Iусманна а моьттуш. Амма и даггара аьлла дацара. Ши бер тIе а ца озийра. Йуьхьанца хIусамдена хьалха цхьацца суьрташ хIиттийнехь а.
Дагмара, хьалха а санна, вешин бедарш йуьттуш, царна иту хьокхуш, цуьнан мачаш цIанйеш, садике ваха кечвеш хьийзара, ша дечух самукъа а долуш. Иза ца ган бIаьрзе да а вацара.


– Хезий хьуна, йоI школе йаха кечйала йезаш йу, кIантана тIе хIума йухахьа, – элира цо цкъа цхьана Iуьйранна.
– Кхуьур йара иза-м. Со а ма йу сихйелла хьуна йуург йалийта гIерташ, – хIусамден дехар «хьаьшира» цо……………………………………………………………………………..


ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№2.2025)

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.