«Пхьармат» кхоьллина ши шо кхаьчна ала мегар долуш ду иза, со цу тобанах дIакхеташ. Суна хIорш шаьш йаххьашца бовзале а, йевзинера «Пхьармат», со студент волчу хенахь, цундела хала а вахара со кхарна йуккъе. Ткъа и «Пхьармат» йевзина ца хиллехь…
Цхьа анкеташ хуьлур-кха дешархоша лелош, цхьацца хаттар-жоп а дуьйцуш, шен, йа нехан байташ а йазйеш… ХIорш бевзина ца хиллехь, со цу дешархойн тетрадаш чуьра араваьлла а хир вацара. Цу анкеташ чуьра ас арабаьккхина ког хIорш бахьана долуш баьккхина бу, журнал тIехь а, газета тIехь а зорбане вуьйлуш.
Исмаилов Абус нохчийн меттан изданешна обзор йора. «Минуткехь» йолчу йукъараIойлин фойехь телевизор йара, цунна хьалхахь гуллора тхо нохчийн маттахь передача йолчу хенахь. Циггахь гучуволура нохчийн мотт безарг а, нохчийн маттаца уьйр йерг а, «Пхьармат» йевзаш берш а. ТIаккха Абус цхьацца стих йешча, «Iалелай, нохчийн маттахь муьлхачу темина алалур доцуш хIумма а дац-кха», аьлла ойла кхоллалора.
ТIаккха, Мусас (Бексултанов) шен дийцаршкахь айеш йолу патриотически, граждански тема, нохчийн хьалхалера истори а, «хьажахь, нохчийн маттаца кIоргера и дийца йиш йу-кх», бохуш дозалш дина а ца бовлура. Мусайн цхьана дийцаран цIе дага ца йогIу суна, таксистах лаьцна дар-кх и… («Таксист а, чаккхе» а)……………………………………………….
ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№3.2025)





