ГАУ «Издательский дом»

Цхьогалан туьйра

Лам хьовзийна, лома тIе а даьлла, цIога хьовзийна, цIогана тIе а хиъна, «хьа-апп-чий!» аьлла, хьоршам а тоьхна, дIа-схьа а хьаьжна, кхайкхина, боху, Цхьогало цхьана маргIалчу Бецахале:
– Схьадолахь, Бецахал, мерах хьакхалой, мара цIанбехьа сан!
– ЭхI, хIун дуьйцуш доллу хьо.
Хьан мерах хьакхалучул атта дац
суна сийначу бацалахь, догIане тIада
а дойтуш, малхе дакъа а дойтуш,
техкаш лаьттича.
– Ватталхьайна собарде ахь, ас хьо кхалла Буьхьиг йоуьйтур йу хьуна!
– Ва Буьхьиг, Буьхьиг! Сан мерах хьакхадала Бецахал ца догIу, Бецахал кхалла йолахьа!
– Эш-шай, хьан Бецахал кхалла йогIучул атта дац суна сийна-сийначуьра бай а кхоллуш, шийлачуьра шовда а молуш, ловзуш лелча.
– Ватталхьайна, собарде ахь, хьан болх-м ас Барзе бойтур бу хьуна!
– Ва Борз, Борз! Мерах хьакхадала Бецахал а ца догIу, Бецахал кхалла Буьхьиг а ца йогIу, Буьхьиг йаа йолахьа!
– ДIадаьл дIа, хIун йуьйцуш доллу хьо! Хьан Буьхьиг йаа йогIучул, атта дац суна, сайна берст-берстинчуьра дума а кхоллуш, шийла-шийлачуьра шовда а молуш, хьуьнан кIоргенехь Iийча.
– Ватталхьайна, собарде ахь, Борз, ас жIаьлешка бойтур бу хьан болх!
– Ва ЖIаьлеш, ЖIаьлеш!
Мерах хьакхадала Бецахал а ца догIу, Бецахал кхалла Буьхьиг а ца йогIу, Буьхьиг йаа Борз а ца йогIу, Борз эккхайейша!
– ДIадаьллахь, Цхьогал, тхан дог ца догIург а ца дуьйцуш. Барзана тIаьхьауьдучул, тоьлуш дац тхуна, Iуьно схьадоьттинчуьра доьша а дууш, дийшина Iехкича.
– Ватталхьайна, ас Iуьне гIожца човхадойтур ду шу!
– Ва Iу, Iу! Мерах хьакхадала Бецахал а ца догIу, Бецахал кхалла Буьхьиг а ца йогIу, Буьхьиг йаа Борз а ца йогIу, Борз лаца ЖIаьлеш а ца догIу, гIаж кхоссий, ЖIаьлеш човхадехьа.
– ЖIаьлешна гIаж кхуссучул, атта дац суна, дечиг-пондаран мерзаш а декош, сайн узам а беш, вижина Iиллича.
– Ватталхьайна, собар де ахь, хьан дечиг-пондаран мерзаш ас Дехке хедадойтур ду хьуна!
– Ва Дахка, Дахка! Мерах хьакхадала Бецахал а ца догIу, Бецахал кхалла Буьхьиг а ца йогIу, Буьхьиг йаа Борз а ца йогIу, Борз лаца ЖIаьлеш а ца догIу, Iуьно ЖIаьлеш а ца човхадо, Iуьнан дечиг-пондаран мерзаш хедо болахьа!
– ЭхI, дIадалахь Цхьогал, хьан Iуьнан дечиг-пондаран мерзаш хедо богIучул, атта дац суна, Iуьргара Iуьрга а лелхаш, ловзуш лелча.
– Ватталхьайна, собарде ахь, ас хьо лаца цициг доуьйтур ду хьуна!
Ва Цициг, Цициг! Мерах хьакхадала Бецахал а ца догIу, Бецахал кхалла Буьхьиг ца йогIу, Буьхьиг йаа Борз а ца йогIу, Борз лаца ЖIаьлеш а ца догIу, ЖIаьлеш човхо Iу а ца вогIу, Iуьнан дечиг-пондаран мерзаш хедо Дахка а ца богIу, Дахка лаца долахьа!
– Хьан Дахка лаца догIучул, атта дац суна, сайн бабин мас-бедарш т1ехь дижина Iиллича.
– Ватталхьайна, собарде ахь, ас хьан мас-бедарш махе йовдайойтур йу хьуна!
– Ва Мох, Мох! Мерах хьакхадала Бецахал а ца догIу, Бецахал кхалла Буьхьиг а ца йогIу, Буьхьиг йаа Борз а ца йогIу, Борз лаца ЖIаьлеш а ца догIу, Iуьно ЖIаьлеш а ца човхадо, Iуьнан дечиг-пондаран мерзаш хедо Дахка а ца богIу, Дахка лаца Цициг а ца догIу, Цициган бабин мас-бедарш йовдо болахьа!
– ХIинцца, собарделахь, ламазана корта а тоьхна, зуькаран цхьа-ши чIуг а йаьккхина, дIабогIу хьуна со.
ТIаккха, мерах хьакхадала Бецахал а хьаьдда, Бецахал кхалла Буьхьиг а хьаьдда, Буьхьиг йаа Борз а хьаьдда, Борз лаца ЖIаьлеш а хьаьвдда, жIаьлеш човхо Iу а хьаьдда, Iуьнан дечиг-пондаран мерзаш хедо Дахка а хьаьдда, Дахка лаца Цициг а хьаьдда, Цициган бабин мас-бедарш а йовдийна, «шхь-ов-в» аьлла, Мох дIабахна, боху.

ДIайаздина Кадиев Руслана

СтелаIад №3. 2024

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.