ГАУ «Издательский дом»

ЧI ирдиган дошам

Ан (ду) – шелонах долу лазар
Аса (йу) – кIаденах даьккхина дуткъа-деха дакъа
Берг (йу) – говран йа кхечу хьайбанан ког
ГIирс (бу) – болх бан оьшу коьчал
Истанг (ду) – тIергIах беш хилла куз
Йалхо (ву, йу) – хьал долчу хIусамехь гIуллакх деш верг
Кост (ду) – дIаала аьлла тIедиллина хабар
Куьрк (йу) – хьаьжкIаш кхорзу йоккха пеш
Кхевсина –кхузахь: сихха, чехка тIедогIу ло
Марсайуьйлу – цIе йаьржа, йоккха хуьлу
Моха (йу) – оьгIазвахар
Сайра (бу) – йалта чохь латтош болу боккха дуо
Салор (ду) – хьуьнан жима экха
Синтем (бу) – паргIат, са ца гатдеш
Пхьор (ду) – суьйранна буу кхача
ТогIе (йу) – догIучу хин йистаца йолу таьIна меттиг
ЧIанадевлла – гIаш охьаэгна
ХIур (бу) – кхузахь: лайна тIера гIуьтту чан
Туьппалг (йу) – стоммачу дечках хадийна цхьа дакъа
ЦIани (йу) – луьйчу меттиг
Хирхаьдда – кхузахь: кIадвелла, хIоьттина
Хьуьхьйоьлла – сих-сиха садоьIуш.

Журнал “СтелаI ад” (№4, 2023)

55 комментариев

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.