ГАУ «Издательский дом»

СУЛЕЙМАНОВА Зайнап. ЧАЙТАӀ

ЧАЙТАӀ

Юьртан урамехула йоьдучу соьга кхаьънаш дохура бераша:

– Деца, вайн юьртахь чен кӀорни ма ю!

Хьуьнхахь карийна, шена цӀа ялийна иза Лорсас. Мел хаза

а ю, хьайна хиъча!..

– Дуьлол, чехка йигал со цига! – элира ас.

Дуьйладелла Лopca волчу дӀакхечира тхо. Оха ков схьадиллича, paгly кӀеларчу миндар тӀехь Ӏаш яра и чайтаӀ. Шена хьалха хӀоттийначу зайли чуьра шен бапиш дууш йоллура иза.

Тхо шена гушшехь, цу минотехь хьалагӀаьттина, йолаелла йиллина лаьттачу неӀарх чутилира иза, реза йоцуш, шен кегий бӀаьргаш тхоьга раз а хьежош. Тхоьца, хийрачу нахаца, я гӀуллакх а, я гӀиллакх а, я тӀекере а оьшуш яцара и

хьуьнхара жима яхархо. Цул тӀаьхьа а, шозза-кхузза не1 херъеш, тхоьга хьийжира иза, тхо дӀадахаре сатуьйсуш санна. Цо хӀоттийначу кепах самукъадаьлла, даггара дийладелира тхо.

– Де дика дойла хьан, Лopca! – элира оха тхайна дуьхьал веанчу хьуьнхочуьнга. – Хьайна мела баьккхина ахь, кхуьнан Ӏуналла дина, акха делахь а, буобер ма ду xlapa. Вайначул а доккха дакъа кхаьчна кху дийнаташна хӀокху инзаречу бохаман. Мел дукха хӀаллакдина тӀамо хӀорш, цхьа а бехк-гуьнахь доцу мисканаш.

Тхо дахкаран бахьана хууш, чайтаӀ чуяханчу оти чу а вахна, хьаьстина, тейина, тхуна тӀеялийра Лорсас иза. Резайоцуш, юхахьоьжура и жима чен кӀорни.

– Иштта дегала хила мегар ма дац, ва Бори! Хьо дадин дукхаяхарг! Соьлжа-ГӀалара дуьйна хьоьга хьажа ма еана и деца! Охьахаа, дӀакхачае хьайн юург! – аьлла, охьахаийра иза хӀусамдас.

ЧайтаӀ миндар тӀехь дӀанисъелча, цуьнга даггара, кхачам боллуш хьажа а, и тергалъян а аьтто хилира тхан. Ма нисъелла хӀума а яра иза, Лорсас лерана лелаяре хьаьжжина, могуш, тайниг санна, хаза кеп йолуш. Г1еххьачу барамехь, догӀаделла, горга ши лерг долуш, даим разхьоьжу кегий, нуьйдарчий санна, горга бӀаьргаш долуш, йоца, aгlop настарш – шадерриге а дара цуьнан самукъане. ТӀера кетар яра морса, бора чо болуш. Цундела тиллинера цунна Лорсас и «Бори» аьлла ц1е. Къаьсттина цуьнан партал болар дара тхуна хазделларг. Цо мел деш дерг самукъане хетара, хӀунда аьлча дийна чайтаӀ дуьххьара гуш яра тхуна.

– Муха карийна хьуна xlapa? – хаьттира ас Лорсига.

– Дера дара иза а къаьхьа де. Гуттар санна, чухехкалуш, атака еш, кемано ракеташ йиттира тхуна хьалхарчу дийнахь. ШолгӀачу дийнахь, герзийн гӀовгӀа гӀелъелча, говр-ворданца хьуьнха вахара со, дечиг даккха. Кху юьртахь газ цахиларна, бала хьоьгу оха, кхераме доллушехь, оцу хьуьнха лесташ. Дечиг вордан чу а тесна, со шовданехьа волавелча, цхьа къаьхьа узарш а хезна, сецира, и хӀун ду ца хууш, ладоьгӀуш. Чен кӀорни яра шен цхьа бала балхош, сингаттаме тийжаш. Цу агӀор дӀаволавелча, ткъех метр бен юкъ ца юлуш, ирчачу суьрта т1е кхечира со. Ракетин гериг кхетта, цӀийн Ӏоврашлахь йоьжна Ӏуьллуш яра кхуьнан са даьлла нана. ШолгӀа де а хиллера иза иштта Ӏуьллуш йолу. Ткъа xlapa миска, мацалло кӀелйитина, шен нене хьалагӀатта бохуш хир яра, и хӀунда Ӏуьллу ца хууш. Шен Ӏедалехь: «Нана, хьо йижина хӀунда Ӏуьллу? Со якха хӀунда ца йо ахь? Хьан хьоме гаки дац со?!» – боху хир дара кхо цуьнга.

Цу суьрто дог Ӏовжийна, хорам хилла Ӏийра со, охьалахвелла. Цул хьалха хьуьн чу йиттинчу ракеташа йожийна хиллера кхуьнан декъаза нана.

 – Дала хьукма дойла-кх кху бохамна бехке мел волчунна! Дала бале лоцийла и гаурш! – элира Лорсин хӀусамнанас а.

– Иштта цу дийнахь сайн ма-хуьллу, xlapa миска хьаьстина, тейина, вордан чу а хаийна, юхаийзалушшехь, кху ц1а ялийра ас. Ненах екхаш хиллера xlapa цу юкъана.

– Ткъа юучунна хӀун дира аш кхунна?

– Шишан чу а юьттуш, аьттан шура яийра-кх. Цунах, цхьадика, тоам хуьлуш, хаза дегӀе йогӀуш, ондаяла йолаелира xlapa. Мелла а кара а Ӏемина, схьаийна тхан xlapa, шен цхьайолу амалш йиц ца йинехь а.

– Хьуьнарш хаьий кхунна?

– Хьуьнарш-м хӀун дара хьуна. Селхана сахаьддера тхан, кхунах чӀогӀа дийлина. Эвла йисте йигнера оха xlapa, кӀеззиг хӀаваэ йоккхур яра-кх, аьлла.

Хи чу гӀоьртира xlapa, лийча дагахь. ТӀодах ира хӀума а Ӏоттаелла, карзахъяьллера, гӀам-гӀим деш, етталуш, цхьанна дов а деш. Шена хи бухарчу «зуламхочо» бохам бина моьттуш, моха еана, хи чуьра хьалаиккхира Бори. Берда йистехь лехна и цхьа боккха тӀулг айбина, ластийна хи чу туьйхира кхо. Иштта бекхам бира Борис шена зулам дан гӀоьртинчунна. Шена гӀело йойтур йолуш яц, яла а йолуш!

– Иштта хила а еза! Нанна сагатдой кхо?

– Наггахь цхьа гӀайгӀа хаало кхуьнан бӀаьргаш чохь. Цуьнан йовхо, марзо йовза кхиъна ма ю xlapa. Дера йог1у хир ю дага а-м, муха ца йогӀу?

Массо aгlop суьрташ дехира оха Борин. Тхо кех девлла, урамехула дӀадуьйладелча, цӀаьххьана тхуна тӀаьхьа лестира чайтаӀ. Хетара, и ала гӀерта: «Деца, нанига суна тӀаьхьайола алалахь!»

Цуьнан бӀаьргаш чохь ша ма-дарра схьагуш дара и цуьнан дагахь дерг.

Стела1ад №1. 2020

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.