Рамадан беттан дозалла
Марха кхабар – иза Делан дуьхьа нигат а дина, марха дохош долчу хӀуманех вухакхетар ду, сатесначул тӀаьхьа малх чубуззалц йолчу ханна.
Лекха волчу Дала хьалхалерчу умматашна а тӀедиллина хилла марха кхабар.
Дала аьлла: «ХӀай иман диллинарш! Шуна тӀедиллина марха кхабар шул хьалха баьхначарна тӀедилларх терра, шу хилийтархьама (Делах) кхоьруш». (Къуръан, 2 сурат 183 аят).
Рамадан бутт, иза кхабар фарз деш, билгалбаьккхина бу вайн Мухьамадан
(Делера къинхетам, маршо хуьлда цунна) уматтана.
Иза билгалдоккху Лекха волчун дашо:
«Шух (Рамадан) бутт гинчо иза кхобийла»
(Къуръан, 2 сурат, 185 аятан чаккхе).
Бухарис а, Муслима а (Дела реза хуьлда цаьршинна) дийцинчу хьадисо схьагойту Рамадан бутт кхабар Ислам динан баххех цхьаъ хилар: «Ислам – ахь тоьшалла дар ду АллахӀ воцург кхин Дела цахиларх а, Мухьаммад АллахӀан Элча хиларх а; ахь ламаз дар а ду; ахь закат далар а ду; ахь Рамадан баттахь марха кхабар а ду; хьо ХьаьжцӀа вахар а ду, хьан ницкъ кхачахь»…………………………………………………………
ТIаьхье йеша «Стела1ад» журналехь (№1.2025)





