Вайн къам – баланаш лайна къам ду. ТIемаш лайна къам… ХIX-чу бIешарахь, йуха ХХ-чу бIешеран йуххьехь коллективизаци йу бохуш, хIаллак а дина, йуха цIера а даьхна, цIа а даьхкина… ГIийло хьал дара-кх вайгахь. Цу хенахь вайн хилла йаздархой цIера дIабахна йаздархой бара, цIера дIабахале йаздан буьйлабелларш а бара, цигахь буьйлабелларш а бара. Цу хенахь вайн Iедало – партис а, КГБ-с – чIогIа тIеIаткъам бина лаьтташ дара. Цундела цкъа хьалха Ленин, парти, Октябрь хьахийний бен цхьа а сборник, киншка арайолуш йацара.
Ткъа вай кегий дара, вай Казахстан а ца лайнера, вайна парти а ца оьшура… Чкъураш вовшах тера ца хуьлу – цхьа чкъор дIадаьлча, тIедогIу чкъор мелла а кхечу агIор хуьлу, церан лехамаш а хуьлу кхин. Суна хIун хета аьлча: и «Пхьармат» кхоллар бахьана долуш вайн литература дуьненан меха лакхайаьлла аьлла хета суна. Нагахь санна и цхьаьнакхетаралла ца хиллехьара, вай тахана а цкъа дийцинарг йуха а дуьйцуш, цкъа кегийнарг йуха а кегош Iаш хир дара.
ХIора а кхуьучу жимачу стагана дуьне шатайпана го, ткъа вай кегий долуш хIара дуьне вайна ма гарра йаздора, вайн къам а ша ма дарра, ма хеттара, ма дийццара. Ду бохуш долу харцхIумнаш Iадда а дуьтуш.
Нагахь санна «Пхьармат» ца хиллехьара, тахана вайн дуьненна бевзаш болу йаздархой хир бара аьлла ца хета суна. Масала, Леча а (Абдулаев Леча), кхузахь хиъна Iаш волу Абу а, Муса а, (Ахмадов Муса), Апти а (Апти Бисултанов), кхиберш а, кхиберш а «Пхьармато» Iаламат боккха бух биллина вайн литературина, XIX бIешаро Россин а, Францин литературин санна. Бакъду, «Пхьармат» дIайаьлла дикка хан йу, дукха хан йаьлла цул тIаьхьа – ши тIом а лайна, кхин тайпа баланаш а.
Суна хета, вайна тIаьхьа догIуш долу чкъураш хьеделла аьлла, шайна оьшуш болу некъ харжа. Тахана вай схьадохьуш дерг царна товр дац, хIунда аьлча вай даккхий а хилла, вай къан а делла, вай хIетахь санна шовкъе хIумнаш а ца йазйо, вайна дуьне гар жимма гIелдала доьлла ду тахана. Цхьа бакъду, цу тIера дIа, «Пхьармато» динчунна тIера дIа, талла а теллина, цара хIун дина а, хIун лелийна а хьаьжна, керла тулгIе йара кегийчара кхолла йезаш. Нохчийн мотт а бевзаш, шайл хьалха мел йазйина хIума йешна а болчу кегийрхоша.
Со ишколехь доьшуш волчу хенахь йуьртахь цхьа летний олуш йолу кулуб йара тхан, важа кулуб йан а йацара, аьхка цига кино хьажа уьдур тхо къайлах-къулах, вуьшта хIора буса цига дала эппаз а ца хуьлура, тIаккха суна йиснарг нохчийн литературий бен йацара, суна гIазкхийн мотт а ца хаьара пайденна… Ас дозаллина боху ма мотталаш – йалх класс чекхйаьккхина со волуш, нохчийн маттахь ас йешаза цхьа а хIума йацара. Цхьа а хIума! Мел чIогIа лехча а, кхин карош хIума а йацара.
Ма дарра дийцича, воккха хила мел вуьйли а, айса йоьшуш йолу и хIумнаш тан а а ца товра суна. Суна гуш долу дахарий, суна гуш йолу йуртий, суна гуш долу адамаший, суна гуш болу баккхий наххий цхьаьна ца богIур-кха цара гойтуш долчуьнца, цхьа дIахедийна болуш санна, беса хетара суна. Кхетий шу ас бохучух?
Ткъа тахана йолу зама кхин зама йу. ХIара зама вайга а йазлур-м йу, бакъду къоначарна санна кхуьнан башхаллаш дика гур йац вайна. Суна теша лаьа и тайпа къона чкъор кхоллалур хиларх.
Суна доккха дозалла хета суо цу «Пхьарматах» хилар. Дала вайн къомана бина аьтто хета суна иза – кегий нах ара а бевла «Пхьармат» кхоллар……………………………………………….
ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№3.2025)





