ГАУ «Издательский дом»

БЕКСУЛТАНОВ Муса. Бексолтан Бисолт

ТIерлойн махкахь – Никара цIе йолчу йуьртахь – ас шен цIарах памили лелочу сан ненаден – Зайтан Бексолтин – Бийсолта цIе йолуш воI кхуьу, лекхачу дегIахь, кIайн вар1 а долуш, айделла къаьстачу хьажарца.
Шен дена чIогIа дукхавезаш кIант а хуьлу Бийсолта, нанна хьоме а волуш.
Дас тIаккха – Бексолта – динца, духарца, комаьрша хила оьшучу нахарташца Iалаш а вина, араваьккхинера шен кIант: «Бу бохучу къонахашца хьошаллаш а таса, хьайн доцург ду а ма ала, дешин меха доцу дош хьайн багара ара а ма далийта, кисанна кхоа а ма луо, ахь диннарг – вон а, дика а – кху хьайн хIусаме схьакхочур дуй хаалахь!» – олуш, ша хIусамна а, доьзална а кIел а сецна.
Шен йуьртахь – Никарахь – ишколехь дешна волу Бийсолта, воьддушехь Соьлжа-ГIаларчу реальни училище деша хIоьттинера, тIедеънарг муьжгийн Iедал дуй а, дешнавоцу стаг цхьанна а хIуманан меха хирвоций а хууш.
Йукъ-кара Ростох а, Бакох а мехе а лелаш – ша воцург а кхин виъ доьзалхо волчу шен дена гIодан – уллорчу накъосташа дашна хьалха а вохуш: «Бексолтин воI кхиъна, боху, ламанца», – хабар даржа доладелча, шена тIера воккхалла – тезета дIасавахар доцург – охьадиллинера кIентан дас, Бексолте, цIийнан дукъ а, доьзалан хьашташ а шен кIентан кара а делла, шен кIантах дагаваьлла бен, вар а, вахар а доцуш.

Цкъа иштта, кхуо – Бийсолтас – хьошалла лелочу накъостех масех стаг кхочу Никара, шайца цхьаьна къал а долуш – колхозан лачкъийна говраш.
УьстагI а бийна, цаьрга буьйса а йаккхийтина, бода зарзлуш, Iуьйранна, уьш новкъа а баьхнера Бийсолтас, цкъа ма-дду, ша хIотталц, къал йухадерзадахьара аш бохуш, дехарш а дина.
Вуьйш реза ца хиллера, шаьш дина къола йухадерзо.
Шен мехкан дозанера уьш – ТIерийчуьра – некъ маьрша хинболчу дIа а кхетийна, йухавирзинера Бийсолта.
Цхьана маттах хадаро Итум-Кхаьлларчу НКВД-е мотт баьхьнера, говрашца Бийсолта гира шена, олуш.
Говрашна тIаьхьа Iедал даьллера.

Соьлжа-ГIаларчу набахтехь Iедало дIалаьцна – неIарний – гураний йуккъехь пIелгийн баххьаш а лоьлхуьйтуш, эпсарийн эткаша пIендарш а кегдина, дийнахь-бусий садаIар доцуш, набаран суй ца бойтуш, ша ирахь латто воьлча, Бийсолта кхеттера, шен дегIан садолу сахьт герга кхаьчна хиларх.

КIант лаьцча – Бексолта – лам чуьра шен вахар дIадаьллий а хиъна, лахенца йурт хаьржира – шен кIантана сагатдан.
ГIеза-юрт хиллера Бексолта хаьржинарг. Йуха, ша цига ваха сецча, цу йуьртара бахархой цхьана тайпанан хиларан тидам бина хиллера цо, иэкегабелла нах боцу йурт бакъонна тIехь хала хуьлий а хууш, Бексолта тIаккха – цигара йуха – тайп-тайпана нах бехачу Iашхойн-кIуотара дIакхелхинера шен доьзалца, цигахь цIа а, цIе а дина, уьстагI-бежана а Iалашдина, шен кIантана сагатдан.

ВорхI меже суждане йоьдучу ламазан цIокан тIехь, АллахIе шен кIант а воьхуш, дуьненан даьхнешца цунна маршо йаккха дагахь, къахьега кхуо сацам бича – хан тухуш – Устрада-Эвла кIант дIавигна, олуш, кхунна хезначу ворхIалгIачу дийнахь, Бийсолта лагерера ведда, боху, хабар кхаьчнера йуха.

Бексолта тIаккха лаьмнашка йухавирзинера – шен махка – ТIерла а ца воьдуш – БIовла, стунцхой бехачу йуьрта – Гезах.
Кхин кхочуш Iедал а доцуш, хан хене керчича, лула йуьртахь йехачу цхьана йоIана тIехьаьвзина хиллера Бийсолта.
Цкъа ша йоIаца ирахьIен воьдуш, шен ненавешин кIант – шича – вигна хиллера Бийсолтас шеца.
Хабар-дош а дийцина, шаьшшиъ йухавирзича, шичас аьлла хиллера Бийсолте: «Деллахь, Бийсолта, ма ирча нускал хьийзар ду-кх хьан хIусаме», – аьлла.
– Суо – кху харцйаьллачу заманахь – дукха вехар ву моьттуш вац хьуна … велча, чIир кхаба йиса мегар-кх иза бохуш, лела хьуна со – жоп деллера Бийсолтас, шичас шена йинчу Iоттарна.

Йуха, хIара лаца кхин Iедал а ца догIуш, ненахоша мотт а ца тухуш, бутт батте болуш, ткъолгIачу бIешеран шовзткъе доьалгIачу шеран ткъе кхоалгIачу дийнан Iуьйранна, сахилале, дехьа-сехьарчу йарташкара нах дIалехьош геннара шена гича – шен да-нана а, йиша-ваша а цхьаьна долуш, гезахойн лам буьххье волу Бийсолта, цигахь – гуобаьккхина – лаьмнашна ха тесна лаьттачу салташна тIе а Iотталуш.
ХIорш цигара йухаберзабой, массаьрцанна Итум-Кхаьллахь дIагулбо, иштта массо а йарташкара а цхьаьна – йерриг Нохчийчуьра дIалахьош, гIала охьа а бахкабой.
Иштта охьа а кхаьчча, Соьлжа-ГIалара «студабекарш» олучу Iамеркан машенашка хьоьжуш, нах совцийна лаьтташ, тIехьийзачу йоьIан йиша йеънера тIаккха Бийсолтина тIе: «Цхьана а адамна – шех хIун хир ду ца хууш – хала киртиг йу-кх хIара, Бийсолта, тахана вайна тIехIоьттинарг, и сан йиша хьайн долайаккхахьара ахь!» – олуш, йиллина хан а йа кара хIума йелла, чIагIдина хIума а доццушехь, дуьненан синкъерамна тIехьийзар бен.
Бийсолтас – йоьIан дена тIе нах бохуьйтуш – цигахь мах бинера йоIаца, дех-вешех йа цхьаннах а дагавалар а доцуш.

Тхан нанас дуьйцура, Соьлжа-ГIалахь шаьш вагонаш чу хьаладаьхна – цхьаберш цIенкъахь хевшина а Iаш, зударий, кегий нах халла дIатарбала гIерташ бохкуш, Бийсолтас – шайн жимахволу ваша Сато ваийтира дадина тIе, ша зуда йалийна алий, дега дIаала, аьлла.
– Дада, Дада! – Бицоцас – доьзалехь иштта йоккхуш хиллера Бийсолтин цIе – зуда ма йалийна, аьллера Сатос шен дега Бексолте.
– ДIавала хьалхара, зуда йало де а ду хьуна хIара, хьо къонах вахалла, – олуш, дас Сато човха а веш.
Йуха, дерриш адамаш вагонашка дIа а тарделла, кхано, буьйса йоьлча, Бийсолта ша а веара, олура нанас, хилларг – ма-дарра – шайн дега дуьйцуш.
– Доьзал хьовха, шен са а совдаьллачу кху халачу киртигехь стунйишин йуьхь йарна, Дела реза хуьлда хьуна, кIант! – элира тхан дас Бицоцига, – олура нанас, йуха йелха а йолалуш.

49 комментариев

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.