ГАУ «Издательский дом»

БЕКСУЛТАНОВ Муса. Ас нахала а ца даьккхира…

Селхана дIавоьлли оха Руслан, мармаран кIайн чурт а дугIуш.
Набахтехь кхойтта шо даьккхинера цо, царах пхиъ карцарехь а доккхуш, шен классера кIант верах, чувоьллина, оцу кхойтта шарахь кхин маьрша а ца волуш.
Иза цамгарца веара цIа, кхайкхочу лазарх пехаш цIенна дIа а девлла.
Да-нана тоххарехь деллера цуьнан, иза лаьцна волуш – доккха ши стаг дара – тIаьхьуо вовшахкхетта, да кхин а воккха волуш, хIара Руслан бен, кхин доьзалхо а воцуш.
Iа шийла деанчу 1973-чу шарахь – Руслан лаьцна ши шо даьлча – йоккхачу стага, – Русланан нанас, – кIур араболу пешан херо дIа а къевлина, хьахар а хилла, садукълуш, деллера цуьнан дай-наний, кIант лаьцна пхи шо даьлча.
Ков-керт тишделлера, цIа дерриг а лаьттах дахча санна, жимлуш, гара а даьлла.
Да деруо стаг вара цуьнан, забарх кхеташ а воцуш, ша-шеца къовлавелла, цунна дуьхьал ца кхета, наха геннара цунна некъ а буьтуш.
Дешаран шо йуккъе даханчу хенахь, маццах кху йуьртара Ростох махка жа тIе ваханчу цхьаннан кIант кхечира тхан классе, зоьртала, онда, цIен месаш а йолуш, аттестат дика хилийта, аьлла, дас цигара цIаваийтина, ненайишица Iаш а волуш.
Iалбек йара цуьнан цIе. Цо ша-ма, Алибек, олий, кховдадора куьг. Цигахь, Ростохахь, буй тохаран спортехь кхиамаш баьхна а хиллера иза, тIаьхьуо цо ша тхуна дийцарехь.
Тхо цунна хьалха, меашна йукъахь хIинцца даьхна кIорнеш санна, хетара, белшашка бен хьала а ца кхочуш.
Iалбек воьддушехь, ша ишколе веанчу хьалхарчу Iуьйранна, дуьххьарлера урок дIа а йаьлла, горгали бекча, Румисин кочавахара: «ЙоI, хьо ма хаза йу, хьо сан хила йеза!» – олуш.
Румиса хаза йоI йара, тхан йуьртахь цул хаза йоI цхьа йоI а йоцуш, тайниг санна, жимачу дегIахь, сийначу бIаьргийн дехха Iаьржа цIоцкъамаш а долуш, хенашка кхочуш Iаьржа месаш а йолуш……………………………………………………………….

ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№1.2025)

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Ost
  • Ost 1
  • Sun
  • Mega
  • Flash
  • Shorba
  • Automna 2026 +
  • Automne 2026
  • Som 5

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.