ГАУ «Издательский дом»

Бексултанов Муса. Ахтобус дIайахча…

Йуха Ӏуьйранна са а хуьлура, сарахь са а довра. Кхаьрга стаг а ца вогӀура йа хӀара дӀа а ца йоьдура цхьанхьа а, цу кертара арайаьлла ша оьшуш йа ган лууш стаг воций а хууш. Кхунна арахь – шайн кевл арахь – инзара хийтара, масийтта шарахь ненаца чохь а йаьллина, нахаца бийца мотт а йа хӀума а доцуш.
Кест-кеста ваша зудчух лиэташ хезара, йуха дӀасайеттачу неӀаршца нус ийгӀина а хьодуш. Жима ши бер кхуьнца дуьсура, вуьйш нехан керташкара хасстоьмаш лачкъуо а оьхуш буьйсанашкахь.
Воккхах волу вешин кӀант, диъ шо а тухуш, чувоьллира, ша буса куорах чу а ваьлла, лачкъийна долу нехан кузаш духкуш, базарахь гучу а ваьлла.
Нус тӀаьххье а шен цӀа йахара, вуьрхӀитта шо долу йоӀ а эцна шеца, кхунна шен цӀийндай, диъ бер а дуьтуш, кхаба, Делан денна вашас тӀехьерчо декхарш а.
Чохь – биъ пен, цхьа паднар, неӀ кагйелла шипонер йоцург, га хьовзийча тӀелата кхин хӀума а дацара, вашас – хӀара чуьра ара моссаза йолу – кхунах къайлах дӀайоьхкина. Кхуьнан шен пальтой, ши коч а лулахошкахь йара, вешех къайлайаьхна. Божал чукагделлера, тхов тӀе а кхиэташ. Керт а йара, ца йожийта, гӀортуораш а гӀортийна, лаьтташ.
Кхаьрга цхьа а стаг ца вогӀура.
СагӀадоьхург а волура тӀех, чу а ца хьаьвзаш.

Кхуо Ӏай бӀаьстене сатосура, хӀума дӀайуьйр йара-кх, олий, бӀаьста гуьйрене а хьоьжуш, картол-хӀума Ӏалашйер-кх ша, бохуш. Малх, цхьадика, хӀора а Ӏуьйранна схьа а кхиэтара, йуха, сарахь, бехха чу а бузуш.
Иштта са а довра, са а хуьлура, урамера схьа берийн аьзнаш а хезара.

Цхьана Ӏуьйранна, маццахлера шира мохь а, кхоьш а йоьхкина, котаман кӀорнеш эца кӀошта базара йахара хӀара, лулахошка ша дӀайиллина дарин коч а йуьйхина тӀе.
Йуьрта цӀа богӀу нах гулбаларе хьоьжуш, ахтобус кӀоштан социйлехь сецна лаьтташ, ша хиъна Ӏачу гӀантан куорах Ӏарби гира кхунна. Йоккхачу машено тормоз тухуш, тата а хезна, хӀара дӀахьаьжча, Ӏарби вара кхуьнга хьоьжуш, бӀаьргашна тӀе хурашка а таӀийна. Кхуьнан са, бераша къахкийна кхокха санна, тохаделира некхехь, йуха пхенашца дӀадахара, дегӀе цхьа марзо а, зовкх а хьодуш. Кхунна ша а, хӀара дуьне а – массо а хӀума дицделира, ишколехь шай, шен мокха шола коччий, кӀайн фартук дага а йогӀуш, «Ма йелахьа, сан тайниг, йелаелча, кхин а хаза ма хуьлу хьо!» – бохуш, шена вийлина Ӏарби а цу бӀаьста, шен берхӀитталгӀа шо долчу ирсечу бӀаьста, хӀинц-хӀинца, экзаменаш дӀалуш, аттестат схьа а эцна, заочно институте деша а хӀоьттина, Ӏарбига маре йаха ша кхаьбна сатийсам а…

Ахтобус йуьрта дӀакхаьчча, нахацанна охьайоьссина, йолайелла жимачу гу тӀе хьала а йаьлла – кхуьнан цӀа гунна лаха чохь дара – йухахьаьжча, генайаьлла гӀала охьайоьду ахтобус гира йоӀана, оцу мӀаьргуонна, кехатан йаьшки чохь хилла шен котаман кӀорнеш дага а догӀуш.
Иза баца тӀе охьахиира, ши пхьарс гуолашна тӀе буьллуш, корта аьтто бесница пхьарсашна тӀе а биллина.
Цунна генна лахахь баьццар-сийна йарташ гира, шайн бошмашца, сирникан ботт санна хиэташ, некъан тай лаьцна йоьду можа ахтобус а. Кхин хӀумма а ца гира йа кхин цхьа а ойла а, шена иштта хиъна Ӏаш хаза хилар бен, ша цхьа жима бер долуш санна хиэташ, туькана йаханчу нене хьоьжуш Ӏаш, иза гучуйоллушехь, йедда-йедда дуьхьал а йахана, цунна маракхета.

1987–2022 шш.

Нана №4. 2023

3 212 комментариев