ГАУ «Издательский дом»

Бексултанов Муса. Ахтобус дIайахча…

Кхуьнан ваша чӀогӀа леташ вара, ловзаргахь халха ца вала, хьаннах а летар а волуш. Оцу милцинерашна йеттарх пхи шо хан а йаьккхина, цӀа веъча, къаьркъа а, маха а, молханаш а – корта бахош мел долу хӀума – дерриг а лелош вара иза, бухарчу кхаа берана тӀе – шар-шарахь – оцу зудчуьнга цхьацца бер а дойтуш, ден-ненан пенсех кайетташ Ӏаш.
Делан хьан аьлла, сом тӀедогӀу хӀума лелор долуш и кхеран нус а йацара.

Цу йуккъехула дада вийра, тӀеман ветеран хиларна шена йазйинчу «Запорожца», нана улле а хаийна, гӀала вахча, тӀе машен а тоьхна, ненан ха а кагдеш.
Кертахь мел долу хьайба – цхьа йетт, кхо эсий – тезетана дӀадахара.
«Несан кара ма йахийталахь со», – бохуш, мохь хьоькхура нанас хӀоразза а, лулара йоӀ кхуьнга кхайкха моссаза йогӀу, кхуьнга кхойкхург Ӏарби вуйла а хууш.
Цу къеллиний, модашний йуккъера шен нана а, керт а кӀелхьаръйаккха гӀерташ, кхуо ца лелош хӀума а ца дитира, бӀаьста саллораш лелош, цу йуккъехула совхозан буракашна асар деш, йуха сушилке дала хьаьрса хьечаш дохуш, Ӏай кхаба ши шинар а хӀоттош. Йа вешигара, несера, вешин берашкара «схьада» бахар бен, хуьлуш цхьа а гӀо а доцуш.

Нана, кхойтта шарахь меттахь а Ӏиллина, йелира, тезетана, узуш болу цхьа йетт боцург, кхин тӀаьхьа ден биъ куоган хьайба а доцуш.
Ӏарбис кхуьнан нана йалале диъ шо хьалха зуда йалийра, кхуьнга шега йуола, бохуш, масех шарахь дехарш а дина: «Хьан нана а цхьаьна лелор йара вайшимма, иза вайшиннан бен, кхин цхьаннан а бала бац, сан, хьан бен. Хьан нана – сан нана а ма йу, сан тайниг», – бохуш, кхунна дукха хьеста а велла.
Кхуьнан нанас иза аьттехь а ца дитира – ша невцан цӀен тӀехь, ворхӀе а дех нах кхардош, Ӏуьллур йац, аьлла.
Кхуьнан ткъе цхьайтта шо дара, нана йелча. Кевстиг санна йара хӀара, цхьа а дилхан хьаса а боцуш диэгӀа тӀехь, нана хьал-охьа ийъина, берриг букъ а лозура. Йуьхь тӀехь, ши бӀаьрг бен, гуш хӀума а дацара.
ХӀора денна ийгӀина оьхуш нус а йара, кӀоштахь гучу моссаза волу, пхийтта де-буьйса туохарца чувуллуш кхуьнан ваша а волуш.
Нус, цкъа ийгӀина йахча, бутт, ши бутт баьккхина бен, йуха а ца йогӀура. Кхунна лело йалх бер дуьсура, иштта а кхуо кхобуш долу.
ХӀара эр санна, хьаьддий-йеддий йара, ша жимачохь муха хилла, кхунна шена а дага а ца догӀуш.

Кхунна тӀе кхин цхьаммо а захало а ца деара йа тергал а ца йира цхьамма а, ша кхуьнан ден хеннара волчуо бен. Цунна а ша лелавайта бен ца оьшура хӀара.
ХӀара сарахь, Ӏаржйелча, уьйтӀарчу кхура кӀелахь Ӏара, мохо хьедечу цуьнан шогачу патарийн шабаршка ла а доьгӀуш, ламазашна тӀаьхьа суьлхьанаш а дохуш, набарна букар а йоьдий. ГӀенаш а гуора, дукхахьолахь – нана. Ша несаца ма йита, бохуш, дийна йолуш ма-йелххара, кхунна йелха а йоьлхуш.

3 213 комментариев