ГАУ «Издательский дом»

Бексултанов Муса. Ахтобус дIайахча…

Нохчийн меттан шо

Пхи минот йиснера ахтобус дӀайаха.
Шопар а Ӏара, руль тӀе дехкинчу пхьаьрсаш тӀе корта а биллина, дӀаваха хан тӀекхачаре хьоьжуш. Цхьацца-шишша стаг а волура ахтобуса тӀе, чуьранаш хьалаайлора, цаьрга охьаховшар доьхуш, куьг а ластадой, сихха охьахуура хьалаваьлларг.
ДӀанехьуо ши-кхо зуда а Ӏара, вовшашна тӀеттӀа а таьӀна, мотт-эладита деш, новкъа дӀасалелачу адамех шайна вевзарг нисвелча, цунна йелааьшница корта а таӀош.
Куора йуххехь Ӏачу жимачу зудчуьн куогашкахь лаьттачу кехатан йаьшки чуьрчу куотамийн кӀорнийн цӀир-цӀир а дара хезаш.
Шопаро эххар а ахтобус латийра, массуо а, шаьш Ӏаччохь, йовхар тухуш а, кучан кач нисбеш а, гӀантахь дӀасахьакха а луш.
Йуха, кхеран ахтобус дӀайолайала тохайелча, цхьа «Зил» олу машен сецира, цхьа жима зуда хиъна Ӏачу ахтобусан корехь, аьлча а, жимма тӀех а оьккхуьйтуш, сацийра-кх оцу стага, шен цхьа хӀума-м охьайоьжча санна, къорра тормозаш а тухуш.
Зуда дӀахьаьжира, цеце йа оьгӀазе къаста йиш йоцчу хьажарца.
Шега хьоьжучу къонахчуьн йуьхь гира зудчунна, бӀаьргашна тӀетаӀийнчу хурашкица йиснарг а къайлайаьккхина йуьхь.
Къонаххий, зудий машенийн куьзганех чекххьоьжура вовшашка, цхьа кхоьруш, ца тешаш йа теша а ца лууш санна. Церан хьажар дӀайолайеллачу ахтобусо, дӀасаозийна, пха санна, дахдеш, вовшахдаьккхира эххар а, цкъа мацах хӀара шиъ вовшах ма-даллара.

ХӀара хӀетта, итт класс а йаьккхина, заочно деша йаха кечлуш йара пединституте, хан йилла шена, бохуш, карзахваьлла хӀуьттуш Ӏарби а волуш. Кхуо ша цкъа деша дӀахӀоттийта, бохура, экзаменаш дӀа а йелла.
Ӏарби кхунна бархӀалгӀачу классехь дуьйна тӀехьийзаш а вара, йерриг йуьртана а хууш. Кхуо буьйсанна йора Ӏарбих йолу ойланаш, массо а гӀуллакх дина а йаьлла, ша дӀайижча. Ӏарби везара кхунна, чкъург санна, хьийзина, Ӏаьржа месаш а йолуш – къиэгаш Ӏаьржа месаш – гуттар а шена велавелла, цӀе санна сиха волу Ӏарби.
«Сан тайниг, – олура цуо кхунах, – сан жима тайниг!» ХӀара йелалуора, беснеш тӀе кӀаьгнаш а хӀуьттуш.
– Ма йелахьа, – олура Ӏарбис. – йелаеелча, кхин а хаза ма йу хьо, сан тайниг! – олий.
Кхунна шех эхь хиэтара, йела ца йала садеттачу.

Кхуьнан нана чӀогӀа дуьхьал йара цу захалонна, Ӏарбин дейиша, и сурт санна хаза диъ бер долуш Ӏаш йолчу шен шичина тӀейеъна, бохуш. Нанас кест-кеста кхунна тӀехтухуш кхин цхьа хӀума а дара, Ӏарбин деда, мацах, нохчийн цӀера а бахале, гӀалахь метишкашна хьаьмцаш бохка эхар.
Кхунна цуьнан бала а бацара, цу хьаьмцашца а йа шен ненан шичина тӀе йаханчу Ӏаьрбин дейишица а.
Кхаьршинна цхьаьна хаза дара, Ӏарбиний, кхунний, дийнахь цкъа гар хилча, вовшех Ӏаба а ца Ӏебаш, дийца шортта хӀумнаш а карадеш.

– Сан стувешина жимма реза вац со, – олура Ӏарбис. – Ван-м ша ледара кӀант вац иза… Ледара хиллехь, нехан зудчунна тӀе а хӀоьттина, Ростохарчу масех милцочунна йеттар а йацара, шиннан мохчал а кагдеш, – олий.

3 598 комментариев