– Даймохк… Нохчийчоь олучохь хьуна дуьхьал хIун суьрташ хIутту? Даймохк бохург хIун ду хьуна тахана а, хьалха а? ХIун чулоцу оцу кхетамо?
– Суна Даймохк бIешерашкахь, сайн ворхIе а дайша, шайн маршонан цIий Iенийна латта хета. Даймохк боцуш цхьа а садолу хIума дац кху дуьнен чохь, лаьттахь текха нIаьна а, гезг а, моза а цхьаьна хIора а садолчу хIуманан шен даймохк бу, ша-ша кхолладелла цхьа а са дац дуьнен чохь, дех-ненах, цхьана махках дозуш бен.
Сан Даймохк Нохчийчоь йу, Орга а, Терк а, Соьлжа а цхьаьна. Со маьрша ву кхузахь, хьеннан а ков туоха, муьлххачу а хIусамехь хьаша хила. Соьца сан дайн орамаш ду кхузахь, эзар шерийн иэс.
Со кхузахь маьрша ву, сан дуьненан йалсамани йу хIара Нохчийчоь.
– Даймохк беза бохучух хьо муха кхета? Даймохк беза Iамош хуьлий? Стенца хаало иза, маца дуьйна?
– Даймохк хьан цIийца бу, ахь буучу кхачанца, ненан шуьрица, ден аматца.
Даймохк беза цхьаммо Iамош вац стаг а, зуда а. Иза хьоьца хьайца, хьо кхуьуш, ша-шах самадолуш ду, цхьаммо а хьеха а йа Iамо а ца оьшуш.
Кхечу махка кхаьчча, ладоьгIуш хуьлу хьо, хIинций-хIинций хIун хир-те, хIун Iотталур-те, бохуш. Даймохк – маршо йу, Даймахкахь хьо ийзавала оьшуш хIумма а дац, хIора а стаг хьан ваша а, хIора а зуда хьан йиша а йолчу лаьттахь, кхерамах, тешнабехках маьрша ву хьо хьайн махкахь, хIунда аьлча, массо а шен цIахь ву Даймахкахь.
Даймохк массеран а цIа ду, хIора а хIусам де-буьйса даккха хьуна маьрша а йолуш.
– Ахь хьайн говзаршкахь йийцина къонахийн амалш массо заманна йу аьлла хетий хьуна? Олуш хеза, хIинца кхин зама йу.
– Адамашца йахь, эхь, сий, кхардам а мел беха, йахь, эхь дIадала йиш йац. Адам йохьо латтош ду, сийдоцчу ца долуш!
Йуьртана цхьа къонах тоьар ву и йурт меттахь латто, нагахь цу йуьртахь дIадаханчуьнга йухахьоьжуш, тIедогIучун бала болуш нах белахь. Сий бохург деза а, цIена а, сийлахь а хIума ду. Сий йохьой, эхьой латтош ду.
Шен эхье хIора стаг ладугIуш хилча, халкъ цIена дуьсу.
Бен-бенчу къомах, кхечу мехкашкара зударий кхийлларо къам малдо, шен гурашкара арадоккхуш. Хьалха-хьалха, шен-шен махкара бен зуда йалош а ца хилла нохчаша, тахана и хIума хийцаделла.
ХIора кIоштахь шен-шен Iадат а, шен-шен гIиллакхаш а ду Нохчийчохь.
Боьршачу стага зуда шен махкара а, шен дай а бевлчура йалийча, барт дикахо хуьлу цу доьзалан, хIунда аьлча, царна шайн махкара бехкамаш бевза.
– Къонахийн зама дIайолуш хуьлий?
– Дера ца хуьлу, йа йер а ма йац, кху махкахь нохчийн мотт мел лела.
Бакъду, вайн маттаца вайн кхин бала ца хилахь, хIара мохк нехан кара а боьдуш, даьхний санна, даа бепиг хилчахьана, бохуш, дIа-м лелар ду вай… и хIума хIинцале а гуш а ду, дукха генахь а доцуш.
Мотт коьрта бу, цуьнца нийсса латта а ду. И ший а – мотт а, мохк а – бан ца байта, цу мехкан а, меттан бала болуш къам хила деза, шен маттал, махкал деза цхьа хIума а доцуш.
Вайн Нохчийчоь йацахьара, хIумма а йацар-кх вай, амма нагахь кху Нохчийчуьра нохчийн мотт гIеллахь, вайна вайн Нохчийчоь йуьсур-м йац йа йуьтур а ма йац.
Мохк – матто латтош бу, адамаша латтош бац, цу адамаша буьйцучу матто бен……………………………….
ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№2.2025)





