ГАУ «Издательский дом»

Аза ГАЗИЕВА. Хьуьнаре хьехархо, Iилманча

(Историн Iилманин докторан, этнографан Хасбулатова Зулайн 80 шо кхачарна лерина)

Россин Iилманийн Академина юкъайогIучу Этнологин а, Антропологин институтан беркатечу дIадолорца 1997-чу шарахь дуьйна «Наука» издательствехь «Народы и культуры» цIе йолу книгаш яра зорбанейохуш. СССР-н заманахь дуьйна россихь даьхначу а, дехачу а къаьмнех дара и мехала жайнаш. ХIора къоман схьадаларан орам а, гIиллакхаш а, ламасташ а, цуьнан Iер-дахаран кеп а, историн йохаллехь цо бина некъ бовзуьйтуш, арахоьцуш яра цхьацца книга. ГIезалой, жуьгтий, гуьржий, эрмалой, Дагестанера къаьмнаш, иштта дуккха кхечу къаьмнех а, церан Iилманчаш авторш болуш, Россин Iилманийн Академин Iуналлехь йоккхачу институто беш болх бара. Буьрсачу тIеман цIергахь дохкучу вайна-м уггаре а хазачу гIан-набаршкахь а дага ца деанера нохчех лаьцна книга царна юкъахь хир ю аьлла. Делахь а, 2012-чу шарахь кхечира вайга и хаза кхаъ а. Этнологин а, Антропологин а институтан дIадолорехь дакъалаьцна хиллера вайн похIмечу махкахочо, хьуьнаре хьехархо а, Iилманча а йолчу Хасбулатова Iимранан Зулайс. «Чеченцы» ю Хасбулатова Зулай автор йолуш Россин Этнологин а, Антропологин а институто арахецна Iилманан бух тIехь язйина книга. Iаламат боккхачу безамца, къоман гIиллакхаш, ламасташ довзарца, дезарца, ларарца, церан мехалла йовзуьйтуш язйина Хасбулатова Зулайс шен башха книга.

Бер аганара доьссичхьана иза Iаморах дерг, доккха а хилла адам дIадоладелча, цо лерамца дIакхехьа беза, ворхIе дех дисначу оьздачу гIиллакхийн мохь, шен оьмар чекхъяьлла, стаг лахьти чу воьрзучу дийнахь кхочушдан дезарг говзачу маттахь дуьйцуш, нохчийн халкъ даздеш, цуьнан сий айдеш, язйина ю вайн «Чеченцы» цIе йолу книга. Дуьненчохь йоккхучу хенахь, кхин хIумма а историн Iилманан доктор, профессор йолчу Хасбулатова Зулайс дина ца хилча а, цо язйина «Чеченцы» книга бахьанехь нохчийн халкъан иэсехь яха юьсур яра цуьнан сийлахь цIе. Яхь йолу, доьналла долу нохчийн къоман тешаме йоI, ша хилар гайтина Зулайс, ша схьаяьллачу къоман селхане, тахане, цуьнан оьздачу гIиллакхийн хазна «Чеченцы» книги тIехь дуьненна а дIайовзийтарца. Iаламат мехала Iилманан болх бу цо бинарг. Россин Iилманийн Академин Iилманчаша лаккхара маххадийна вайн хьуьнаречу йишас биначу белхан. Вайна боккха юьхькIам бу: кIорггера хаарш, лаккхара Iилма, сирла кхетам, ира хьекъал долу Хасбулатова Зулай вайн заманхо хилар.

БЕРАЛЛА

Бералла хила а хиллий-те Зулайн? Соьлжа-ГIаларчу «ЦIен варзап» заводан директор волчу Хасбулатов Iимранан доьзалехь I940-чу шеран эсаран (октябрь) беттан I0-чу дийнахь дуьнен тIе яьлла ю Хасбулатова Зулай. Зулайл воккха ши кIант вара доьзалехь – Ямлихан а, Асланбек а. «ЦIен варзап» заводан болх буьрсачу тIамехь лаьттачу Даймахкана оьшуш хиларна, мел чIогIа дехарш дарх а фронте дIа ца вохуьйтуш, цIахь сацийра доьзалан да-Iимран. Де-буьйса ца лоьруш, садаIар хIун ду ца хууш, Толаман денна тIекхача болчу боккхачу лаамца, дерриге а советийн халкъ санна, хьанала къахьоьгуш хилла Хасбулатов Iимран, 1944-гIа шо дIадолалуш, чIогIа цомгаш хилла, Горячеводскерачу больнице охьавиллира. Берех воккханиг волу Ямлихан деца больницехь вара, цунна оьшучуьнга хьожуш. I944-чу шеран чиллин (февраль) бутт юкъал тIехбаьлча, мухха хиънехь а, доьзалан нанна – Жовзанна – хиънера вайнах махкаха бахарх дерг.

Шегахь долу ахча Горячеводскерачу больницан коьртачу лоьрана дIаделира цо, хIусамдега лерина хьажар тIедуьллуш. Ца яьллачу денна, кхин цхьа дехар дира пекъаро лоьре: шаьш уллехь а доцуш Iимранан дIавалар хилахь, дIа ца кхуссуш, дIавоьллинчу метте билгало яр дийхира Жовзана, хорамаш бен къаьхьа къурдаш легашкахь а сецош. Делан гIоьнца лоьро Жовзанан и дехар кхочушдина хиллера. Жовзан-м шен бераш-кхиазхой (диъ бер) мара а хьарчийна, цабевзачу некъахула цIерпоштано дIаюьгуш яра, 1944-чу шеран чиллин беттан 23-чу дийнахь къинхетамза махкаха даьккхина дерриге а нохчийн къам санна.
Къилбаседа Казахстанна юкъайогIучу Полуденски кIоштарчу цхьана кIотарахь дIатарбелира цхьана ханна Хасбулатова Жовзанан доьзал. ТIехь да воцуш, диъ бер хене даккха атта дацара Жовзанна. Делахь а массо нохчийн зудчо санна, юкъ йихкина, церга балда лаьцна, ша ца юуш а, ца молуш, а цо хьала-м кхиийра шен диъ бер, мацаллах, хьогаллах лардеш. Кхана цIадохуьйтур дуй, лама цIадохуьйтур дуй бохуш, вайнаха деш долу къамелаш тергал ца деш, иза сихха колхозан ферме балха араелира.

Хийрачу махкахь тIедуха, когадуха а доцуш, шен бераш мацалла ца далийта гIерташ, хьелиозархо болх бира зудчо, царна буззалц баа мижарг хилийта. Уггаре а коьртаниг: Жовзана дешийтира шен деа а бере. Шена мел хала делахь а, ур-атталла йоI а дешарна юкъара ца яьккхира. Жималлехь дуьйна ирачу хьекъалца къесташ хиллачу Жовзанна хаьара, нохчийн къомана тIебазбелла къизачу баланийн бода дешаран серлоно бен дIаайбийрбоций. Дагахь лаьттара, тIаьххьара шаьш дIасакъаьсташ, Iимрана аьлларг а: «Жимма хьайн ницкъ кхачахь, берашка дешийталахь». Массо а нохчашна санна, хала дара Жовзанна а. Хийла суьйре йогIура, мацалло кийра къийзош. Делахь а Жовзана яхь дIа ца елира. Дешийтира. Берийн деша аьтто хилийта, I954-чу шарахь Къилбаседанан Казахстанера шен доьзалца Алма-Ата схьакхелхира Жовзан. Воккхахволчу кIанта-Ямлихана кооперативни техникум чекхъяьккхина, горкоопторге балха хIоьттича, мелла а аьтто хилира доьзалан.

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.