Эссе
Воккха хилча, оьмаран уьйриг бастабала боьлча, дагалецамашка
долуш хиллера адам. Хилларш-лелларш, гинарш-хезнарш, лайнаршхьегнарш…
Диканаш а, вуонаш а… Бевза-безарш, гергарнаш, уьйрийн
гуо… Мел дара уьш, гIайгIа-бала хьегийтинарш а, са хьистинарш а…
Мел бара уьш, шайн аьрхаллица, вухахьараллица а хьан сагатдинарш а,
шайн дикаллица хьо воккхавиэвинарш а… Хьан дахаран чулацам буьзна
хиламаш… Хьан дуьне исбаьхьа кхелина сибаташ…
Амма да-нана… Хьомсара да-нана… ХIаъ, и шиъ ду-кха гуттар а
хьоьца. Гуттар а дагаоьху-кха и шиъ… Нанна хьалха болчу бехканна,
Далла дуьхьал хIун аьлла хIуттур ву-те боху гIийла ойланаш а хуьлу
хаддаза коьрте хьийзаш…
Нана… Муха… муьлхачу дешнашца йаккха ас хьо сайна къинтIера?
Со дохковаьлла, суо хила ма-везза цахиларна. Сайх ледарлонаш
йийлитарна… Хьан сагатдарна… Дашца а, гIуллакхца а хьан догцахьестарна…
Ала мел дезарг аьлла а, дан мел дезарг дина а со ца
хиларна…
Ас ойла а ца йора… йа суна дага а ца догIура, нана а йоцуш сайн дуьне
хир ду бохург.
Да хьалхе кхелхира тхан, ткъа ненан, тхо нахал оьшуш ца хилийта
гIерташ, къахьоьгучура социйла а ца хилира. Тхоьга массаьрга а
дешийтира, кхано, даккхий хилча, хIор а дIатарвира. Амма, цхьаъ а,
важа а, кхозлагIниг дарх а, паргIат Iойла-м ца хилира цуьнан. Iожалло
бен паргIат ца йаьккхира иза.
Хьо тхан йолуш, хьан мах ца хиира тхуна.
Хьан кхалхарх – бекхам хили… Кхолламо тхох эцна луьра чIир йара и.
Тхан бIаьрзалло, къоралло… тхан сонталло тхох хьарчийна тхуна хьакъ
йолу чIир.
Уггар а лан халаниг – мискачу хьан нанас ша цхьамма, леткъамаш а ца
беш, йезайер а доцуш, тхох йоккхайеш, шена хуьлу цатемаш ца буьйцуш,
тхо бархI бер когаирахIоттор. Тхоьгара баркалла а доцуш, йа и баркалла
деха а ца доьхуш.
Ишттачу ойланашца дIатевжина Iачу суна, набаран тар тесча, цхьа
гIан охьало…………………………………..
ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№1.2025)















