ГАУ «Издательский дом»

Ас Кадам бо…

Ас Кадам бо нохчийн матте, нохчийн махке, бохь лекхачу лаьмнашка, нохчийн мотт буьйцучу, махо техкочу сийначу бецашка, токхечу аренашка, нохчийн меттан аьзнашца лерса хьоьстучу сирлачу шовданашка, нохчийн маттахь декачу зевнечу олхазаршка, дайн некъаш лардечу хьекъалечу къаношка, къонахийн ага техкочу къинхетамечу наношка, йахь йолчу къонахашка, сий долчу мехкаршка – Даймахке!

Даймахке Кадам бо ас…

Кхин цхьаъ хьан хьанал, беркате кIант бакъдуьнене дIавирзи. Кху дуьнен чохь цунна Дала йелла хан чекхйели. Оцу хенан цхьа мIаьрго эрна ца йайъи цо, шен дерригечу дахарехь хьо хестош, хьуна аьхна дерг – аьхна долуш, хьуна лазаме дерг – лазаме долуш, хьуна орца оьшучохь – орцах волуш, хьан синкъерамехь – са декхалуш, хьох са а, ойланаш а хьаьрчина вехи иза, лаьтта тIехь сийлаллин бIаьвнаш йуттуш, шен бакъдашца мохкбегорах уьш ларйеш.

Дала гечдойла хьуна, Муса, Дала декъалвойла хьо! Хьуна хьайн сил дукхадезачу хьайн халкъан иэсехь даим вехар ву хьо. Хьайн дахар ца кхоош, ма дукха белхаш бина ахь, ма йоккха хазна йитина ахь тIаьхьенна! Дуьнен чохь  хьайна тIера цкъа а кхачалур доцу сагIа а, беркат дитина дIаваха хьо нохчийн меттан гIарол, бакъволу нохчийн халкъан йаздархо, сий долу стаг! Тхан Хьехархо!

Алиева Зарина

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.