ГАУ «Издательский дом»

АЛИЕВА Зарина. Диканах йоьттина сийлаллин б1аьвнаш

Дуьнен чохь вехачу муьлххачу а стеган шен кхоллам бу. Амма шайн дахар халкъан дахарца дозушболчу нехан  кхоллам башха хуьлу. Цу нехан цIарца уьш баьхначу  заманан цIе  йоху, цу цIерийн беркат тIейогIучу заманашна дIасадаьржа, тIекхуьучу чкъурашна масал эца, тIетовжа агIо а хуьлий.

ЦIераш дукха IаьIначу заманахь, цIарна бецачу нахалахь билгала хуьлу и тайпа нах, шаьш дечу гIуллакхашца, сийлахьниг даржош, шайн дахар къинхьегамна дIаделла хиларна. Со хIара халкъан дуьхьа деш ву, бохуш, соьга ладогIийша бохуш, кхайкхамаш ца бо цара. Шен халкъан дахар, цуьнан бIешерашкахь кхиийна хьекъал дан ца дайта, тIаьхьенашна а довзийта, чкъурашна юкъара зIе ца хадийта Iалашо йолуш, язйо цара. Йозанехь дерг даиманна а даха дуьсу, муьлххачу заманан теш а хуьлий.

 Яздархочун декхарш дуккха а ду, я цхьаъ ду, хIора яздархочун шен-шен а долуш, масала «дика яздар» коьрта а хеташ. Ахмадов Мусан дика яздар – дешан мах беза хилар хаар ду,  шен дош сирланиг, цIенаниг даржорехьа дIакхайкхор. Яздархочун кхоллараллехь коьртаниг адамашлахь адамалла ларъяр ду. Ахмадов Мусас хIора ша язбечу могIанехь, ша дечу гIуллакхехь дIакхайкхошъерг адамалла ю, дахаран къизаллехь, халчу хьолехь адамаллех ца воха гIо деш: «Массара а дицдича иза – шаьш лакхенаш хилар, шаьш лаьмнаш хилар – хIун хир ду дуьненах? Массо а бIаьвнаш херцар ю, массо а лаьмнаш текхар ду. Царна гIортораш ма оьшу». Адамо ша лакхе хилар дицдича, «цунах зингатий, дIамаш я дехкий хуьлу… синош дукха жимлой, жимлой, зингаттийнчул хуьлу. Суна хаьа, адамаш а хилла, муха даха деза. Зуькарш дан деза, зуькарш, Деле кхайкха, Деле орца деха». Ахмадов Мусан ерриг кхолларалла лаьтташ оцу дешнийн бух тIехь, адамна шен са лардан некъ бу цо шен кхоллараллехула гойтург.

Ахмадов Муса язъян волавелла 70-чу шерашкахь, советан Iедал шен хатI эцна, нехан амалех а, синкхетамах а дIайоьллачу заманахь. Цхьа къам а, дин а,  мохк ца лоручу цу Iедалан идеалогица къийсаме велира яздархо шен кхоллараллица. Амма и къийсам шатайпа бара, оцу Iедалан шалхалла, харцо йийцарал, гайтарал сов, уггар коьрта  оцу Iедалан идеалоги тIе ца оьцуш, шен къоман са лардан цунна дуьхьал  кхин некъ лоьхуш.

Некъ болуш бара, къомо бIешерашкахь схьабеана некъ, амма и некъ, къоман иэс самадаьккхина, карла а боккхуш, дIабахьа безаш бара. Шен кхоллараллехь яздархочо гойтура: «иштта, цу некъах ца туьлуш, дIаваха» йиш юйла.

Цу заманан литературехь, къаьсттина Ахмадов Мусан а, Бексултанов Мусан а прозехь дуьхь-дуьхьал хIоттош яра юрт-гIала. Культурера цивилизацехьа гIулч йоккхуш, къоман йовшйолу синмехаллаш, бIешерашкахь йоьттина хилла сийлаллин бIаьвнаш херцаш хилар гойтура, и ши символ дуьхь-дуьхьал хIотторца. Шаьш бехачу юьртара «жимчу дуьненара» лакхене бу моьттучу, гIала «доккхачу дуьнене» боьдучу новкъахь турпалхоша дIатосуш болу дайн кхерчаш, цаьрца гIиллакхаш, «еза йозаллаш», шайх цIе, кхерч боцу нах а хуьлий.  Иза дара шайн йозанашкахь дийца а, гайта а дезарг.

Нохчийн маттана, нохчийн историна орцахбовлуш кхоьллина яра къоначу яздархоша I975-чу шарахь литературни-цхьаьнакхетаралла «Пхьармат». Ахмадов Муса коьртехь а волуш, ша санна, нохчоллех богуш болу кегий нах вовшах а тухуш, шайн йозанашца нохчийн мотт кхиош, хIинццалц хьулйина латтийна йолу нохчашна лазаме хилла йолу историн агIонаш йовзуьйтуш, бакъдолу халкъан дахар дуьйцуш, язъян буьйлабелира къона яздархой. Церан цхьаалла,  нохчийн меттан чIагIо а хилла, дIахIуттуш яра. Иза ца дезаделира Iедалан векалшна. «Пхьарматан» болх сацийра, кхарна «националисты» цIе а тиллина. Цу заманахь иза адамна синмаршонан, «лакхене» боьду некъ боьхкуш цIе яра, Iедалан векалша и цIе йолчарна тIехь хаддаза терго а латтош. Амма тIаьхьо гучуделира, Iедал малделча, доьхча и цIе сийлахь хиллийла,  и цIе шен къам дезачунна, цу къоман дуьхьа вахар дахаран маьIна долчунна бен туьллуш ца хиллий а.

Муьлххачу а дикачу яздархочун санна, Ахмадов Мусан ерриг кхолларалла цхьа киншка ю, шен идейни эстетикин маьIна – цхьаъ а долуш. Амма и бохург дац, ерриг кхолларалла цхьанатайпана ю. Идея цхьаъ а йолуш, тайп-тайпанчу исбаьхьаллин гIирсех, жанрех пайдаоьцуш язъеш йолу произведени лаккхара искусство а хуьлий дIахIутту. Царах цхьаъ ю «МаьркIажехь дитташ» роман а. ХIокху романехь дерриг ду: стаг шен орамех хадар, цуьнан са хIаллакдан бечу балхах, тIаккха иза акхаройн сибате верзар. 

«МаьркIажехь дитташ» роман араяьлла 25 шо кхаьчна. Дуьненан литературехь керла яцахь а, нохчийн литературехь керлачу фантасмагорин а, психологин а цхьанаийначу жанрехь язйина ю роман. Литературоведаша а, яздархоша а статьяш язйира романан мехалла юьйцуш: Ю.Верольский, Л.Егорова, А.Сулейманов, Э.Минкаилов, М.Бексултанов, Л.Довлеткиреева.

ХIинца а, роман араяьлла 25 шо даьлча а, дукха хаттарш кхоллало романан чулацамах: хIунда, иштта муха, хила йиш юй? Нохчашна юккъехь хилла-те иштта эрчаллаш? Роман ешначийн хаттарш дукха кхолладелла. Бексултанов Мусас ма-аллара, произведени ешначул тIаьхьа дешархочун хаттарш кхоллалуш делахь, иза боккъал а дика произведени хилар тоьшалла ду.  Хаттарш кхолладелчий бен, жоьпаш а ца карадо.

Литературоведаша шина  декъе йоькъу  произведенеш: цхьана заманна а, муьлххачу  заманна лерина а. Цхьана идеалогин гурашкахь язйина, цхьана заманан система юьйцуш, юха и зама дIалестича, тIаьхьадогIу чкъор кхеташ ца хуьлу цу заманан хиламех. Иштта йолчу произведенин оьмар цу тIехь чекхйолу. Адам, цуьнан чоьхьара дуьне, ойланаш коьрта а йолуш, адамийн чоьхьарчу дуьненахула гондIара дахар  гойтуш йолу произведени массо а заманан а хуьлий юьсу. Заманаш  а, идеалогеш а хийцаяларх  адаман са, цуьнан ойланаш а муьлххачу заманахь мехала юьсу.

   Ахмадов Мусан  «МаьркIажехь дитташ» роман цхьа зама а, цу заманан система Iорайоккхуш, цу заманан Iоттабаккхамаш гайтархьама язйина аьлла хетало романан коьртачу турпалхочун вастехь. Амма иштта хеталахь а, и роман муьлххачу а заманна язйина ю, адам мел деха мехала хир йолуш ю, хIунда аьлча стагана дахарехь хьалхахIуьтту хаттарш ду цу романехь, дахаран некъаш ду, адамийн амалш ю, хIоранна а ша вевзар волуш. Адаман дика агIонаш а, сакхташ а ду гойтуш, юха цуьнца цхьаьна стага ша-шен ахкар, цуьнан лехамашкахь долу карзахе са.

Бераллехь туьйранаш дешаза, цаьрца гергарло тасадалаза цхьа а хир вац. Бераллехь адаман синкхетам кхиош, бакъо-харцо къасто Iамош, дахарна кечво туьйранаша. Туьйранаша тешаво: харцо эшийча, дуьненара бода дIаайлур бу, адамийн дахар толур ду, серло яьржар ю, бохучух.

Суна и роман баккхийчарна лерина туьйра хета. Дика-вон дестина (гиперболизированни) вастехь гайтина. Адам доккха хуьлу, туьйранашкара дахар тIаьхьа-тIаьхьа цунна схьаделлалуш, шорло. КIайн-Iаьржачу беснашкара дуьне кхечу, тайп-тайпанчу, беснашка доьрзу; дика-вон доькъучу адамийн амалш тIера кхин дуккха а сакхташ гулдо. Воккха мел хили а хьо кхета, харцо гуттар а эшо йишйоцийла, мелхо а стага жимма а шен дегIана аьтто лахахь, синмехаллаш йиц а йина, харцоно шен уьшала озаво стаг. ТIаккха цуьнан дегI дуьсу, ткъа са ле. Стаг дIавулу  харцонах, иштта дIа ваха вуьсу шен уьшалахь, гондIаберш а шена тIаьхьа цу уьшала а ийзош. Ишттачу хьелашкахь муха ваха, адамо адамна дуьхьалкхоьллина къизалла, харцо муха эшае боху хаттаршна жоьпаш карадо «МаьркIажехь дитташ» романехь.

Ахмадов Мусан дахаран некъ бевзарг кхета и роман автобиографически хиларх. Шена дахарехь гинарг, ша лайнарг, гондIарчу харцонех ша чекхваларх, и харцо шен сих а ца хьакхайолуйтуш, дуьйцу цо романехь. Дуьйцу лаккхарчу исбаьхьаллица, кIорггерачу психологизмаца, нохчийн литературина хIинццалц евзина а йоцчу жанрови башхаллица. Аьстамаран вастехь Мусас лоьху адам галдаларан хьоста: мичахь, маца дуьйна галвала волало стаг, маца хьакхало цунах харцонан сиркхо. Оцу хаттаршца яздархочо луьтту вайн къоман дахар, дIадахнарг а, хIинцалерниг а дуьхь-дуьхьал хIиттош.

 Ерриг романна шакъаьсттинчу статьяхь таллам бан хьовсур ду вай, ткъа хIинца коьртачу турпалхочо Аьстамара пхеа шарахь университетехь дешначул тIаьхьа хьехархошна а, дешархошна а хьалха дина къамел хьахор ду вай. Пхеа шарахь ма-дарра дахар довза, ойлаян хан хилла Аьстамаран. Цхьаболу шен накъостий санна, «дегIан лаамийн» карьера, дуьненан аьтто, хьарам рицкъа дуьзначу уьшал чу ца такховойту ша Аьстамара, оцу дахарна тIехь ша толам боккхур хилар гойту хIокху къамелехь:

«ХIокху пхеа шарахь дукха хIума девзи вайна. Вайна девзи цхьа нехан тайпа. Синтарш ма дохаде боху цара, ткъа шаьш орамашца хьала а дохуш, цIа кхоьхьуш, дагадо; цара боху: эхь-бехкан, оьздангаллин бехкамаш ларбеш даха, ткъа шаьш осалаллин леш хуьлу; нагахь шайна дуьхьал вистхила хIуттушверг нислахь, цара иза тIебоьдуш машенца ваха некъ а, буса лато электросерло а йоцчу, стиглахь цхьа марха яьлча а а кIиранах догIа оьхучу тIуьначу метте балха хьажаво, цигахь иза энашка а, хатте а, алсамболучу доьзале а дIалацийта. Амма цхьаверг ца воьду цара даьккхинчу хоршахула, цхьаволчо ша дIа ма-кхеччи тойо шен хIусам: тхов а хуьйцу, чохь йоккха пеш а латайой, тIуналла а эккхайо, тIеюха брезентан палаш а оьцу…шен белхан шовкъаца масал гойтуш, оьшучунна дашца а, гIуллакхца а

гIо деш….юьртана гобаьккхина йолчу хьуьнхахула а лела вехха, аьрцнаш тIе а вуьйлуш, бIаьста олхазарийн эшаршка ла а доьгIуш, гурахь мажлуш, цIийлуш, гаьннех хедаш, мохехь хьийзаш оьгу гIаш тергалдеш, дIайоьлхучу гIаргIулийн аьзнаша а, жимма тIаьхьо гуьйренан дерзо а, Iаннашкахула даьржачу дахкаро а, меллаша, ша хаа ца йолуьйтуш, дегIах юлучу шелоно а дог Iийжош, сарахь пеша хьалха а хиъна, догучу попан дечиге а хьоьжуш, ойланаш а йо шен хьаьдда йоьдучу уггаре а хазачу заманан, хорам бо кхочушбаза буьсучу бераллин сатийсамаша, тIегIертачу къаналло, тIаккха дагадогIу массо хIуманна вицвала, хIетте а ца воьду юьрта йистте йохкархо волчу…цу чуьра масех къаьркъан шиша а эцна, и дIа а мелла, хьакха а хилла, ца керча массо а хIума дицдечу цIунала, «хIан-хIа, со гур вац цхьанна а маларча а хилла, цабезачийн, со кхуза хьажийнчийн кхардам а хилла», – олу ша-шега».

Тоталитарни Iедалан коьртачарех цхьа Iалашо яра: шен системина дуьхьалаваьлларг вохо, эшо, цуьнан сийдайа, юкъараллина иза юьстахваккха. Массо агIор харцонан орамаш тийсина Iедалан машенна дуьхьало ян ницкъ ца кхочий, стаг  хIаллакьхуьлара. И санна долу масаллаш дуккха а ду, къаьсттина кхоллараллин интеллигенцин юкъахь. Кхи цхьа хIума а ду, Iедалан харцонал а, цуьнан къизаллал, стаг шен иэхьах вохар – цул йоккха харцо яц дуьненчохь. Эхь дайна стаг шена цхьанна зулам хилла ца Iа, иза даьржаш долу зулам ду, цхьана заманара вукху замане а долуш, нехан амалш талхош, синмехаллаш хуьйцуш. Iедал-м хийца а лой дIадолу, 70 шарахь лаьттина Iедал, цхьана дийнахь а духуш. 

Цкъа шена тIехь харцо лайначунна, къизаллин ор чохь ваьллачунна хала ду цу ор чуьра вала, юха а даг чохь тешам денбан: «Сан даг чохь ю-кх цхьа есалла…цхьа доккха хазахетар я воккхавер ца хаало»…»… «И ор… вай чудоьхкина ор ду хьан даг чохь… сан даг чохь а ду… иштта хир ду и хьаладуззалц…безамах, шовкъех, аьзнех…». Дахарехь муьлххачу а халачу зиэрех чекхволуш, дIа ца тесна цо кхолларалла. «Пхьармат» йохийначул тIаьхьа, университетехь болх бан а ца вуьтуш, ламанан юьрта ша хьалахьажийча: «…кхин тIе  а чуьравер ву балхана, ишколехь вовшахтухур ю берийн театр, инсцинировкаш а еш, халкъана туьйранаш хIиттор ду дешархошца, балхо а, туьйранаша а массо а хIума а дицдина, вехаш, вехаш, вехаш, цхьана дийнахь кхетар ву, и юрт, юртахой а шена гергара хиларх, хIинца ша цкъа а царах къасталурвоций…». И ю Ахмадов Мусан кхоллараллин коьрта амал, хIуъа а тIехIоттарх: «вехаш, вехаш, вехаш» – иза бохург ду, хаддаза къахьега, мел веха къахьегар, бода дIаайбеш, стеган самалхадалийта. ХIунда аьлча: « Дуьне хьуна хьалха хIуманна а декхар дац, хьо ву дуьненна  хьалха велла дIаваллалц декхар, хьуо вехаш хиларна, хьайна хIора денна малх схьакхеташ гарна, догIа тхов тIе  детталуш хазарна, цундела ваха, айхьа юьхьарлаьцна гIуллакх дан ма-деззара кхочуш а деш…»

Ахмадов Мусас юьхьарлаьцна муьлхха а гIуллакх хуьлу беркате. Мусан «Орамаш» цIе йолчу передачи тIехь дийнна чкъор хьалакхиира. Цу передачийн турпалхой яздархой, хьекъале къаной, къоман культура евзаш болу интеллигенцин векалш бара. Цара къоман дахар дуьйцура, истори, оьздангалла, къоман амалш, дерриг а дахарера долчу масалшца тIе а чIагIдеш. Цу хенахь тIекхуьучу чкъурана иза керла дара, цхьана а идеалогех доьзна а доцуш. Иза маршо яра – синмаршо. Ахмадов Мусас цул тIаьхьа «Синмаршо» клуб а кхоьллира, интеллигенцин векалш вовшах а тухуш.

I990-гIа шераш бохамаш бохьуш деара нохчийн къоманна. Халкъ декъаделла, кара герз а эцна дуьхь-духьал хIоьттинчу хенахь Ахмадов Муса цхьана а тобанна юкъахь вацара, амма цо а кечдира шен герз – «Нохчийн гIиллакх-оьздангалла» учебник язъян волавелира. Синмехаллаш хийцалучу заманахь шен халкъанна орцахвалар дара иза яздархочун, халкъе беш кхайкхам, халкъана ша довзуьйтуш. Амма цхьана а заманахь яздархочуьнга тIом ца сацабелла, халкъ тIебогIучу бохамах лар а ца делла. Коьртаниг иза дац, коьртаниг кхин ду: кхолларалло цхьана синна дарба деш делахь, цхьа са хазаллех кхиош делахь, художникан Iалашо кхочушхилла, цуьнга дерриг халкъ ларделла.

Советан Iедало вайн халкъан синкхетам талхор а, цул тIаьхьа къизаллин ши тIом а бохаме  лар ца юьтуш ца дисна. Муса, ша ца кхоош, къахьоьгуш ву, къоман культура лакхайоккхуш. Телевиденехь, радиохь, зорбанехь, театран сцени тIехь хезаш ду Мусан дош. Цуьнга хоьтту: «Ма доккха хIума ду, Муса, романаш а ахь язйо, учебникаш а хьан цIарах араюьйлу, передачаш а ахь йо, берийн муьзиклаш а, сцени тIехь пьесаш а хьайнаш ю, иллеш а хьан стихаш тIехь, журналана куьйгалла дан а, – хьо муха лараво?». Мусан жоп доца хуьлу: «Болх бечу стагана Дала гIо до».

ХIокху сайн къамелехь ас тидам тIебахийтинарг Мусан кхоллараллин юьхь яра. Цунна шен бахьана ду. Юьхьаьнца цхьана декхаршца, яккхийчу Iалашонашца болийна некъ, юкъара ца буьтуш, дIахьо цара шайн некъан бахалла. Шайн заман лар, сибат дитина цара шайн кхоллараллехь. ХIинца кхин зама ю, адаман мехалла яйелла, ойланаш яцъелла зама, цундела дагадогIу, шуна тIаьхьа цхьа а  хир вуй-те мехкан а, нохчийн маттан а доладан. Шу санна шайн марзонаш, гергарлонаш, синкъерамаш, сингаттамаш нохчийн маттана гондахьа а болуш. 

Яздархочо яз хIунда до, стенна оьшу литература а? И тайпа хаттарш дукха хIиттадо, царна жоьпаш а хуьлу тайп-тайпана: дахар гайта, адамийн амалш йовзийта, бакъ-харц, кIайн-Iаьржа къасторхьама, адамашна сица цIандала гIо дан. Литература йолаелчхьана дукха ю и тайпа киншкаш, адамашна адам хила гIо деш, амма адамашкара къизалла а, харцо а дIайолуш яц, мелла а IаьIаш санна хета, хIунда аьлча, вуочу хIумано, и мел жима хеталахь  а, вуочу хIуман барам бан а бац:  жима а доккха а вуо – иза вуо хIума ду, цо дуккхаъчу адамийн дахар дохадо. Цундела, хIора лаьтта тIехь дехачу адаман Iалашо хила еза харцонна, вуочу хIуманна дуьхьалояр, шена гондаха дикалла, хазалла совъяккха,   зарраташца ца эккхийта.

Дуьне латтош, иза хазаллех, дикаллех кхиош, лаьтта т1ехь сийлаллин  эзар диканех б1аьвнаш юттуш, къахьоьгу Мусас. Дала аьтто бойла хьан, Муса! Дала меле дуьллийла ахь халкъан дуьхьа беш болу болх!

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.