ГАУ «Издательский дом»

АЙДАМИРОВА Машар. Телефон

ЦIа чохь йоккха гIовгIа йелира.
– Схьало пульт…
– Ца ло, ас схьаэцна хIара…


– Сан машен хьан йохийна?
– Вахас.
– Аса-м ца йохийна, хьо вара-кх и ловзош…
– Схьало сан тайниг…
– ДIаэцахьа…
Жима Хеда, бIаьргех буйнаш хьекхош, йоьлхуш, арз дан нана йолчу хьаьдира.
– Нана-а-а!


Кхача кечбеш йолу нана, текх йуьстах а хилийна, догъэца йуьйлира кхо шо кхаьчначу йоьIан.
– ХIун хилла, сан дашониг!
– Сулимана, дIаластийна, сан тайниган пхьарс лазийна, – нанас хьаьстича, йелхарехь кхин а кIажйахара Хеда.
ТIаьххье чувеана кхин виъ доьзалхо а арз дан хIиттира:
– Сулимана тхо ловза ца дуьту!


Мархин боккха доьзал бара: виъ кIант, ши йоI. Цхьайтта шо долу Сулиман воккхахверг а волуш.
– Сулиман, схьагучувалал! – тIекхайкхира нанас дов долийнарг.
– ХIун боху ахь, мама? – хIумма а ца хилча санна, чоьхьавелира бехкениг………………………………………………………….


ТIаьхье йеша «Стела1ад» журналехь (№1.2025)

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.