ГАУ «Издательский дом»

Ахмадов Муса – 70 шо!

Сатоссуш, седарчий довш, Заза даьккхинчу беша йуккъехь Боча бlарийн гlовгlане ладоьгlуш, Даймехкан хlор Шовданан хин мукъам байташка берзош,  Дикачу гlуллакхех сийлаллин бlаьвнаш йуттуш, Лаьтта тlехь лаьмнаш хlиттош, шен дерриг дахар халкъан дахарца, Даймахкаца ийна, Цхьана некъаца вахар а долуш,  цу некъах ца туьлуш, схьавогlу халкъан йаздархо Ахмадов Муса. 

Дийцарш, байташ, пьесаш, романаш, иллеш, нохчийн гlиллакх-оьздангалла, дешаран lаматаш, пособеш-дерриг хьуна, Нохчийчоь, нохчийн халкъана, нохчийн маттана, вайна массарна а лерина. Хьаьрк, дош, ойла йан ца йайта,   нохчийн оьзда, Лаьмнел лекха амал йозанехь охьайуьллуш, исбаьхьаллин Даше йерзош, хlокху дийнналц  хаддаза къахьоьгуш ву Муса. Дуьнен чохь ахь леккха бlов йоьттина, Муса, мохк бегийча а, хаьрцар йолуш йац хьан бlов, цуьнан лард чlогlа йу, Бисмилла доккхуш, хьаналчу куьйгашца,  дайн весеташ тlехь йоьттина йу иза. Нохчийн къам, нохчийн мотт мел бу дуьнен чохь, иза лаьттар йолуш йу! 

Дала декъалвойла хьо, Муса! Могаш-маьрша вахавойла хьо!  Ахь хьайн къомана а, махкана а дина дика гlуллакхаш Дала меле а, йоле а дуьллийла хьуна!

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.