Гуттаренна стеган сица даха дуьсу кIезиг хIуманаш – уггаре а мехалнаш, уггаре а чIогIа Iаткъам бинарш. Иштта ду бераллехь хьан кхетам кьагийна, хьуна дуьххьара малх гина де, иштта йу жималлин марзонаш – доттагIалла, дуьххьарлера безам… Церан могIарехь ду суна «Пхьарматехь» айса дакьалацар а. Оцу литцхьаьнакхетараллехь хиллачу заседанеша, цигахь динчу къамелаша, накъосташца хиллачу йукъаметтигаша дуккха а хIуманаш хийцина аьлла хета суна сайн амалехь а, кхоллараллехь а.
Деа шарахь (1976 шарахь дуьйна 1979 шеран аьхке тIекхаччалц), оцу литцхьаьнакхетараллин куьйгалхо вара со. Уггар къоначех велахь а, накъосташа сох тешийнера литцхьаьнакхетараллин тIехь куьйгалла дар. Куьйгалла дар аьлча а, заседанеш (баттахь цкъа йа шозза хуьлура уьш) кечйеш, накьостийн произведенеш йоьшуш, уьш кхечаьрга дIасалуш, критически статьяш йазйеш, телевиденехь, радиохь передачаш йеш, гIалахь а, йарташкахь а цхьаьнакхетарш дIахьош, хаддаза дийнахь а, буса а болх бар дар-кха сан куьйгалла.
Цул сов, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан хьалхарчу корпусан кхоалгIачу гIатан пена тIе дIатухуш хилла долу «Пхьармат» газет арахецаран жоьпалла а суна тIехь дара. ХIетахь xIop a баттахь арадолура иза, дIатоьхча, масех метр пен дIалоцуш. Цу тIехь тайп-тайпана рубрикаш хуьлура. Поэзи, проза, хаамаш, статьяш, гIалди-булди /забарш/…
Дуккхачу пхьарматхойн стихаш, дийцарш цкъа хьалха оцу пенагазети тIехь ара а довлий, тIаккха газеташкахула йа сборникаш тIехь девзара дешархошна. «Пхьармат» газетехь аравалар цуьрриг а жима хIума ца хетара буьйлалуш болчу йаздархошна.
Дукха адам гуллора, и арадаьлча, цунна хьалха. Амма и цадезарш а бара. Хийлаза датIийра иза, цкъа дага а дира, пена тIехь доллушехь.
…………………………………………………………….
ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№3.2025)





