Бажа бахна «му-му-му»,
ЦIабогIуш бу «му-му-му» .
Шеца шура йохьуш бу,
Марша бан хьо, «му-му-му»,
Хьоь сатуьйсуш бераш ду,
Шура чIогIа йезаш ду.
Бай тIе йаьлла бабин газа,
Бацах Iебаш бай тIехь йажа:
«БIе-бIе-бIе,
БIе-бIе-бIе», –
Кхойкху иза буьхьиге.
Цуьнан буьхьиг йузо йеза,
Ткъа буьхьигна шура йеза.
Накхармоза «зу-зу-зу»,
Зазаш долчохь хьийзаш бу.
Шен йиш лоькхуш «зу-зу-зу», –
Иза дургал гулйеш бу.
……………………………………
ТIаьхье йеша «Стела1ад» журналехь (№2.2025)





