Цуцаев Iалаудин кхоллараллех дош
ДIадаханчу бIешеран 70-гIа шераш йуккъе доьлхуш – хIетахь нохчийн маттахь байташ йа дийцарш йаздеш стаг гучувалар доккха хазахетар хуьлура – «Пхьармат» литературин-цхьаьнакхетаралле веара Цуцаев Iалауди. Иза мелла а воккха вара дукхахболчу «пхьарматхойл». Шина шарахь эскарехь гIуллакхдинчул тIаьхьа веънера иза деша. Iалауди чIогIа гIиллакхе, вистхилар кIеда-мерза долуш жима стаг вара, нохчийн литература а, цуьнан уьрда тIехь къахьоьгурш чIогIа дукхабезаш, цаьрца ларам болуш.
Iалаудис дукха лерина ладугIура «пхьарматхошка», цул тIаьхьа барта таллам бора йешначун, беккъа хастамаш бар доцуш, шена хетарехь диканиг а, тIе тидам бахийта дезарг а билгалдоккхуш. Нахе лерина ладогIа а, хезначун нийса маххадо хаар дара Iалаудин амалехь.
Iалауди ша поэзица гергарло долуш вара. Амма ша йазйинарш «Пхьарматехь» йеша а, нахана йовзийта а сих ца лора иза. Кхоллараллин некъ дIаболалучу хенахь дуьйна Iалаудина дика хаьара олучу а, йаздечу а дашо доккха жоьпалла тIедожадойла.
Цундела «Пхьарматан» цхьаьнакхетаршкахь наггахь цо йоьшучу байтийн лерина тидам бора ладугIучара. Цкъа цо воккхачу стеган дахаран чаккхе Iаламехь хуьлучу хийцамца – гуьйренца – йустаро гайтира, къона поэт дуьххьалдIа гушдолчун дешнашца суьрташ дехкина йа шен синхаамаш бийцина ца Iаш, дахаран хиламийн кIорггера маьIна даста гIерташ хилар. Цу тайпанчу лехамийн беркате стом бара къоначийн цхьана гуламехь цо йешна «Диг» цIе йолу стихотворени.
ДагадогӀу, «Диг» аьлла цо шен стихотворенин цIе йаьккхича, хӀинца дечигпхьар а, цуьнан гӀирс а, цо ден пхьола а хасто воллу хьуна хIара аьлла сайна дагатасар. (Цу хенахь къинхьегаман тема чIoгIа мехала лоруш йара Iедало а, йукъаралло а.) Мичара!
Сан даг чу комаьрша орамаш хоьцуш,
Лаьттара безамехь гӀад оьзда дитт.
Сихаллин харц дакъа шена тӀеоьцуш,
Цунах ма кхийтира и къиза диг.
Оцу беамогӀанехь билгалдолу «тамашийна» хӀума, цхьамма тоьхна а доцуш, и диг цу диттах ша-шех кхетар дара.
Кхеташ ду, кху стихотворенехь авторо йуьйцург кӀентан, йоьӀан йукъаметтигаш хилар. ХӀетахьлерачу къоначу поэзехь дуккха а йара, ша Ӏехорна, тешнабехк барна шен ойла лаьттина йоI бехке йеш, цунна хиндолчо бекхам бийр бу бохуш, йазйина стихаш-сардамаш, йа стихаш-тийжамаш.
Кхузахь иза дацара. Кхузахь шен синхаамаш а ма-хуьллу лечкъош авторо шийлла (мелла а дегалазам хаалахь а) дуьйцура хилларг. Ткъа мила ву (йа йу) диг тоьхнарг? Цу хаттарна тӀаьхьакхиа хала ма даций. Амма и ца деш, лирически турпалхочо (авторо) шегара гойту лаккхара оьздангалла а, къонахалла а, хӀуъа хиллехь а, йоIаца болу ларам а……………………………………..
Йерриг материал йеша “Орга” журналехь (№2. 2023 шо)






vurcazkircazpatliycaz.WBJSxkv8CZ6U
daktilogibigibi.wDfi8zIuDrt6
daxktilogibigibi.R1vEpva2KvNN
yandanxvurulmus.umTQwAWhDD9w
xyandanxvurulmus.HnhRzoGgb1Ku
xbunedirloooo.w9BJBIjQqBKj
sneeriest xyandanxvurulmus.wZ2jGeltcMer
alp xyandanxvurulmus.NhZe6bKatMj6
熟女ポルノ .aNojUHxbpfO
ਸ਼ੁਕੀਨ ਪੋਰਨ .aYr2VzmJ570
ਡੀਪੀ ਪੋਰਨ .RG75lmDWkpN
ポルノのキャスティング .9GVKdEodT0z
ਪੋਰਨ ਕਾਸਟਿੰਗ ਕੀਤੀ ਜਾਂਦੀ ਹੈ .5qofazZ65of
https://gssmfmvuudlm.circuitonline.info/ .Lv48xb5Yn0U
https://www.heritagefamilypantry.com/ .OUeM3Dnef8L
bFKOLPHN6W6
https://www.heritagefamilypantry.com/F7kKK4Nz1ao
https://betovis34.net/ T0YZqsalN9h
az5hkNLSbrX
0PR3IJKldd6
4rxngRN8CD3