Туьйра
Сатоссуш сама а ваьлла, ша кечбина тIоьрмиг схьа а а эцна, аравелира ЧIирдиг. Цуьнан тIоьрмиг чохь дара «СтелаIад» журналаш а, сирникаш а, бабас йинчу сискалах даьккхина дакъа а, кIолдан бIелиг а, гена серло туху панар а, кхин цхьацца хIумнаш а.
Тхи диллинчу бацахула а ваьлла, ша йина тIомалела аппарат йолчу вахара ЧIирдиг. Стиглахула дIайоьлхучу гIаргIулийн аьзнаш хезча, дагадеара цунна, август бутт чекхбала гергабахана хилар. «Сихха вахана, ишколехь дешар дIадоладалале вухаверза веза», – ойла йира цо.
Аппарат хьала а латийна, цу чу а хиъна, хIинца а стиглахь дIабаза болчу Сахуьлучу Седане хьаьжира иза. Оцу минотехь лаьттара хьала а аййелла кхуьнан аппарат, мархел тӀех а йаьлла, Ӏаьршашка хьалайахара. Маьлхан серло ца кхочучу бодане кхаьчча, шен панар хьалалатийра ЧӀирдига.
Иштта дӀаоьхуш, дикка некъ бича, цхьа сийна- баьццара серло хаайелира ЧӀирдигна. Иза, хан мел йели, гергайогӀура. Эххар а гучудевлира лекха тӀекӀелдина цӀенош. Иза Сахуьлуседанара гӀала йара………………………………..
ТIаьхье йеша «Стела1ад»
журналехь (№1.2025)





