Сахуьлу Седа болчуьра цӀа веъча, Бабас чӀогӀа хьовзийра ЧӀирдиг, хьо мичахь вара, схьадийца бохуш. Амма цо ца дийцира. Цкъа-делахь, иза тешар а йацара. ШолгӀа-делахь, йуха а телхина бохуш, хӀуманаш хуучу нахана тӀекхуьйлуш хьийзор а вара.
ТӀаккха Бабас элира:
– Ас пурба ца ло хьуна, ЧӀирдиг, кху кевнах аравала.
Цхьа де а далале кӀордийра ЧӀирдигна кертахь Ӏен. ТӀаккха элира цо Бабига:
– Баба, со гена дӀаваьлла цхьанхьа а гӀур вац хьуна, йуьртахула вола мукъане а валийтахьа.
Баба ца тешаш, хьаьжира ЧӀирдиге.
– ГӀур а вац. Ахь пурба ца делча, сан некъ дика хила йиш ма йац, – элира ЧӀирдига.
Бабас бакъо йелира цунна йуьртахула волавала. Цхьана цӀийна улло нисвелча, цхьа чӀогӀа доьлхуш бер хезира цунна. УьйтӀа вахара. Уча хьалаваьлча, агана чохь доьлхуш бер дара. Цхьа шо а хир дацара цуьнан.
– Хьо стенна доьлху? – хаьттира ЧӀирдига.
Беро дуьхьал цхьа хӀуманаш дийцира.
……………………………………………………………..
ТIаьхье йеша “Стела1ад” журналехь (№2.2025)





