Арахь ловзуш бераш ду,
Новкъа вогIуш къано ву,
Схьагарехь, и гIелвелла,
Болар цуьнан лаг1делла.
«Ваши, хуьлда де дика!» –
Олуш, йоI йистхилира,
Аса хьуна гIант лур ду,
Жимма са ахь доIур ду.
«Дера йаха дукха хьо!
Хьоьгахь гIиллакх суна го,
Ахьа иза ларделахь,
Воккхачун а сий делахь».–
Олуш, вистхилира и,
БIаьргех цуьнан дели хи.
Иштта, хазчу гIиллакхо,
Оьзда тIаьхье кхиайо.
Стела1ад 2. 2024















