ПхоьалгIачу классан дешархо вара Эмин. Цхьана дийнахь (кIантана цкъа а дицлур дац и де) Iуьйрре гIаьттина, йуург кечйина, ша даима ма-дарра: «Хьайгара цхьа а ледарло ма йалийталахь», – аьлла, хьехар а дина, ишколе ваха новкъаваьккхира нанас кIант.
Ишкол йуьрта йистехула охьадогIучу хил дехьа йара. Урокана тIаьхьа ца виса, мелла а сиха воьдура кIант.
– Эмин! – цIаьххьана цхьанхьара схьа мохь беара кIентан лере. ДIасхьахьажарх, гуш аддам а дацара. Тарделла хир ду-кх шена аьлла, хIара дIаволалушшехь, тIай кIелара схьа йуткъа шок йеара. ДIахьаьжча, шега лестош куьг а гина, тIевахара Эмин. ВорхIалгIачу классера Магомедов Асвад хиллера и.
– Хьо ма чIогIа, сихвелла, воьдуш ву. ДIацакхачарна кхоьруш-м вац хьо? – ца вешаш санна, мерах шок а тухуш, велакъежира и.
– ТIаьхьависа ца лаьа суна, – жоп делира кIанта.
– Ма чIогIа дагайоьхна хьуна и школа! Дог догIу хьан-м! – йуха а мара саттийра цо.
– Вай, кхин хIун дан деза ас? Школе деша воьдуш ца хуьлу?
– Гуттар а доьшуш Iийна вер вуй?! Самукъадаккха а ма деза! – велакъежира Асвад. – Вало, ас гойтур ду хьуна, дуьне муха даа деза.
Эмин, ша хIун дича, нийса хир ду ца хууш, хьоьжуш, лаьттара.
– ДIавала, кIилло хилла хьо! – аьлла, дIаволавелира Асвад.
– Вац хьуна со кIилло! – оьгIазе вистхилира Эмин.
– Вацахь, тIаьхьахIотта, дохковер вац хьо!
Делкъал тIаьххьалц ловзуш лелла, цIавогIучу Эминан шайн кетIахь лаьттачу ненах бIаьрг кхийтира. Цкъа вуьйхира кIант, йуха а хIара ловза вигначу ойлано: «Ма кхера, цунна хиъна а хир дац хьо школехь ца хиллий», – аьлла, меттахIоттийра кIант.
Лайла Хамзатовнас нене хаам бинера, кIант школе ца веана аьлла…
– Нана, хьо арахь ма лаьтта, хIума-м ца хилла? – шекваьлла, хаьттира кIанта.
– ХIан-хIа. Хьо ма хьевели тахана цIа ван? Хьуна сагатдеш, лаьттара со-м.
– Тхан куьйгалхочо, шена гIо дойтуш, совцийнера тхо, – цIийлуш, шена дуьххьара дагадеанарг дIаэлира кIанта.
– Хьехархочо аьлларг дан деза. Вало, чудоьлху вай! ХIума кхоллур йу вайшимма. Хьуна сагатдеш, хIума кхаллаза йу со, иштта меца хьо а хир ву, – аьлла, кIант хьалха а ваьккхина, гIийлачу ойланца чуйолайелира нана……………………………………..
ТIаьхье йеша “Стела1ад” журналехь (№2.2024)















