1 дакъа
1– Цхьаъ хIун ду?
– Цхьана сил мерза хIун ду?
2 – Шиъ хIун ду?
– Шина бIаьргал сирла хIун ду?
3 – Кхоъ хIун ду?
– Кхо ког болу гIант хIоттийначохь лаьтта.
4 – Диъ хIун ду?
– Биъ са болу мажар хьажийнначу кхета.
5 – Пхиъ хIун ду?
– Пхи йетт болу дай-наний нехан шурешкий, тIайшкий кхийдар дац.
6 – Йалх хIун ду?
– Йалх сту болу дай-наний, бIаьсте ма-йеллинехь, нахе корта а ца бетташ: «ХIай-хIуй!» – аьлла, аха гIур ду.
7 – ВорхI хIун ду?
– ВорхIаммо дихкинарг шинга дасталур дац.
8 – БархI хIун ду?
– БархI кIант волу да пхьоьханахь чIогIа луьйр ву.
9 – Исс хIун ду?
– Иссаммо йитинарг вайн керта а ма хьуьйзийла.
2 дакъа
10 – Итт хIун ду?
– ИтталгIа сой, баддий лела дахара. Бад хилдехьа йисира, со сехьавелира.
11 – Бад жима хилла хир йара?
– Бад жима муха хуьлу, исс эзар кIур болучу йуьртана тIома IиндагI а деш хилча?!
12 – Йурт жима хилла хир йара?
– Йурт жима муха хуьлу, дехьа йуьххьехь тоьхна мохь сехьа йуьххьехь а ца хезча, сехьа йуьххьехь тоьхна мохь, дехьа йуьххьехь а ца хезча?!
13 – Йурт къора хилла хир йара?
– Йурт къора муха хуьлу, Iуьргахь болчу лаьхьано нох доху а хезча?!
14 – Лаьхьа саьрмик хилла хир бара?
– Лаьхьа саьрмик муха хуьлу, бацо а хьулбича?!
15 – Буц чач хилла хир йара?
– Буц чач муха хуьлу, буйнал тIех а ца йаьлча?
16 – Буй шелиг хилла хир бара?
– Буй шелиг муха хуьлу, коьртах тоьхча, корта а ца бойча?!
17 – Корта борзан хилла хир бара?
– Корта борзан муха хуьлу, мокхано а баьшча?!
18 – Мокха буолатан хилла хир дара?
– Мокха буолатан муха хуьлу, цIаро боддича?!
19 – ЦIе йовха хилла хир йара?
– ЦIе йовха муха хуьлу, хие а йайъича?!
20 – Хи шийла хилла хир дара?
– Хи шийла муха хуьлу, малхо а дохдича?!
21 – Малх бовха хилла хир бара?
– Малх бовха муха хуьлу, мархаша а хьулбича?!
22 – Мархаш йуькъа хилла хир йара?
– Мархаш йуькъа муха хуьлу, махо а зарзйича?!
23 – Мох гIортам хилла хир бара?
– Мох гIортам муха хуьлу, сан урд тIера кIан кенара буьртиг а ца божийча?!
3 дакъа
ЧIинхочо шен муьлххачу а хаттарна жоп луш хилча, кхин хатта хIума дага а ца догIий, шайтIано олу.
24 – Хьо цIахь а воцуш, хьуна-м кIант а вира.
– КIантана кIант веш хуьлу.
25 – И-м вала а велира.
– Дала вала а, виса а кхоьллина-кха милла а.
26 – Цунна тIаьхьа-м сагIа а даьккхира.
– Веллачунна сагIа а доккхуш хуьлу.
27 – Хьуна-м сагIин дакъа а дитира.
– ЦIахь воцчунна дакъа а дуьтуш хуьлу.
28 – Иза-м цицкаша а диира.
– ЦIахь воцчуьнан дакъа цицкаша дууш а хуьлу.
…………………………………………………….
ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№2.2024)















